ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь велла хила тарло Нохчийчоьнан Шелан кIоштарчу эвлан хилла юьртда


Гайтаман сурт

ТIейоьжначу гIишлонна кIелахь велла нохчийн тобана юккъера хила тарло ши эскархо гойтуш видео арахецна шен телеграмерчу каналехь оппозицин блогера Халитов Хьасана. Уьш юкъалаьцна бетонан экъа дIататта гIерта видео дIаязъечу юкъанна церан тIеман накъостий.

Халитовна хиъна веллачех цхьахволчун цIе – цуьнан хаамца, иза Нохчийчоьнан Шелан кIоштан Дубин-эвлан хилла юьртда Успанов Ахьмад ву. Биъ баттахь хилла иза юьртан куьйгаллехь – 2009-чу шеран Дечкен-баттера Стигалкъекъа-батте кхачалц, цул хьалха куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хилла ву.

Хьалхо Успановс Кадыров Рамзане видеокхайкхам бинера, цу тIехь цо латкъамаш бора, шена республикехь тIеIаткъамаш беш хиларна, иштта доьхура цуьнца, йа цуьнан гонера цхьанца цхьанакхетар. Хилла волчу хьаькамо дийцира, ша диъ шо набахтехь даккхарх лаьцна – цо ца хьахийра, муьлхачу бехкана тIехула.

Веллачех шолгIачунна цIе евзаш яц. Официалехь беллачех лаьцна хаамаш таханалерчу дийнахь тIечIагIбина бац.

  • Кавказ.Реалиин хьостанан хаамца, Украинерчу тIамехь 60 гергга Нохчийчуьра схьаваьлларг вийна. Зазадоккху-беттан 1-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шиннан кхалхар тIелецира, и шиъ Тарамов Iабдулбек, Исаев Тимирлан ву. Охан-беттан 7-хь ИА "Чечня Сегодня" хьостано арахецар дира, веллачу ворхI стеган гергарчаьрга совгIаташ кховдош – уьш бу лакхара лейтенант Каимов Рахьим, сержант Автаев ШахIрудди, ефрейтор Баталов Беслан, ефрейтор Висирханов Нурды, могIарера салтий Дудаев Асланбек, Чупалаев Хезир а, полицин лакхара сержант Болчиханов Адам а.
  • Охан-беттан 25-гIа де – Оьрсийчоь Украине тIамца чугIоьртина 61-гIа де ду. Украинана бIе километр генахь Iуьллучу Брянскехь йолчу Транснефть компанин мехкдаьттан базехь цIе яьлла. Керстийн Пасхан дийнахь Украинан малхбалера гIаланаш юха а тохаршна кIел нисъелира. Украинерчу Iедало хаамбо, малхбалехь оьрсийн тIелатаршна кIел нисъелларш Славянск, Краматорск гIаланаш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG