ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера лачкъийна ялийна малхбузехь арахецна тракторш хьала ца летта Нохчийчохь– CNN


 John Deere компанин техника, гайтаман сурт
John Deere компанин техника, гайтаман сурт

Украинехь лечкъийна, Нохчийчу дIайигина, малхбузехь арахецна тракторш а, комбайнаш а хьала ца латаелла кадыровхошка, хаамбо CNN хьостано, цIе ца яьккхинчу украинхойн бизнесхочунна тIетевжина.

"Лечкъийна комбайнаш Нохчийчу дIайигича, уьш кхийтира шайга хьала латалур йоцийла, хIунда аьлча, блок тоьхна комбайнашна геннара", - дIахьедина америкхайн телеканалан хьастано.

Билгал ца даьккхина, маса техника гунахь яц болх байта, амма къастийна, лачкъийна машенаш, хетарехь, электронан догIа цхьана некъашца даьккхинчул тIаьхьа бен лелон мегарг цахиларх.

Украинерчу Мелитополехь лачкъийна юьртбахаман техника Соьлжа-ГIалина гена йоццучу Закан-юьртахь гучуяларх хааме даьккхира хьалхо. Хаамийн гIирсаша билгалдаьккхира, оцу эвлахь вина хилар мехкан премьер-министр Хучиев Муслим а, цуьнан ваша Хучиев Тамерлан а. Тахана Украинехь "гуманитаран мисси" кхочушъечу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан директор хилла ву Тамерлан.

GPS-маякашца тIаьхьабовларца гучуделира, цхьа миллион ах миллион евро мах болу лачкъийна техника Нохчийчохь хилар.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграмерчу канале хьалхо хIоттийна, тIаьхьа дIаяьккхира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан, дийцарехь, гуманитаран сурсаташ кадыровхоша дIасадоькъуш видео. Эксперташа оцу тIера сурсаташ Украинера хиларна тIе тидам бахийтира. Журналистана-талламчана Христо Грозевна хетарехь, кадыровхоша Мариуполан бахархошна дIасадекънера шаьш лечкъийна сурсаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG