ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIеман агIончаш уггар кIезиг бу - Къилбаседа Кавказехь


ВСУ-но дохийначу кеманах йиссинарг. Харьковн кIоштара Мала Рогань эвла, Стигалкъекъа-беттан 13-гIа, 2022
ВСУ-но дохийначу кеманах йиссинарг. Харьковн кIоштара Мала Рогань эвла, Стигалкъекъа-беттан 13-гIа, 2022

Юкъараллана хетарг толлуш, Russian Field тобано бинчу хаттамца Къилбаседа Кавказан федералан гонаш (СКФО) – ша цхьаъ ю, Украинерчу тIамехьа эханне ца кхоччуш бахархой болу.

"РБК-но" хаамбарехь, респонденташка хьаттира: "Шайн ницкъ хилча, операци юхайоккхур ярий аш?". Оцу хаттарна Къилбаседа Кавказера 41% "хIан-хIа" аьлла, жоп делла. СКФО-хь а, Сибирехь а уггар лакхара респондентийн дакъа ду – 31% - лаьара тIом юхабаккха.

Цул совнах, Къилбаседа Кавказера "жоп дала ца хIиттинчийн" дакъа, хаттамехь дакъалаьцначех доьалгIа дакъа, хаъал лакхара ду пачхъалкхан йиссинчу макрорегионашкахь.

Луларчу Къилбан федералан гонашкахь сурт кхечу тайпа ду: цигахь тIеман агIончаш (56% респондент) шозза сов бу, дуьхьалончел а (27%). Оьрсийчухула и терахьаш ду 55% а, 29% а.

ТIеман агIончийн а, дуьхьалончийн а социалан-демографин башхаллаш иштта ю: божарел а алсам зударий бу тIамна дуьхьал, кегийрхой – баккхийчарел а алсам, мисканаш – хьал долучарел алсам, дозанел арахьа хилларш – Оьрсийчуьра цкъа а дIасабевллачарел а дукха, интернетерчу хьасташкара информаци оьцурш – телехьежийле хьуьйсучарел а алсам.

ТIеман агIончаш дукха хьолахъ ницкъаллин структурашкахь а, пачхьалкхан белхашкахь а, ЖКХ-хь а болх бийраш бу, йа пенсхой, ткъа дуьхьалончаш – Iилманехь, культурехь, зорбанан гIирсашкахь, рекламехь болх бийраш, йа студенташ а, балхахь боцу нах а.

Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнера 5-чу дийне кхаччалц бина бу хаттам телефонехула 1609 респонденте.

  • Украинехъ беллачу Оьрсийчоьнан эскархойн цIераш тIехь йолуш хIоттийна тептар ду Кавказ.Реалиино дIахьош – Оьрсийчоьнан Къилберчу регионашкара а, Къилбаседа Кавказера а. Стигалкъекъа-беттан 18-чохь цу тIехь 482 цIе ю, иштта Дагестанера 135 стаг а, 66 – Къилбаседа ХIирийчуьра а.
  • Йоллу пачхьалкхера беллачийн чот ечу "Важные истории" гIирсан хаамашца, Стигалкъекъа-беттан 4-чохь Дагестан – пачхьалкхехь уггар а дукха нах белла регион ю, ткъа Къилбаседа ХIирийчоь – кхозлагIчу меттигехь ю 18 шарна тIера 45 шаре бевлла божарий кхалхарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG