Димитровград гIаларчу набахтехь 32 тутмакхо шайн пхенаш хедийна аьлла, хаам баржийна Ульяновск кIоштарчу адамийн бакъонашкахула йолчу хIукмато, оцу набахтехь хилла бунт теллинчул тIаьхьа. Ши тутмакх набахтин дарбан хIусамехь ву аьлла, чIагIдо бакъонашларъярхоша.
Карарчу беттан хьалхарчу дийнахь иккхина хилла набахтехь протест. "Открытая Россия" юкъаралло, набахтехь хан йоккхучийн гергарчеран дийцаршна тIе а тевжаш хаамбира, шайн бакъонаш набахтин хьаькамаша цаларъярна тутмакхаша мацалла хьейинера аьлла.
Тутмакхаша кхайкхийна акци юкъахъеккхира набахтин белхахоша, царна етта а йиттина.
Оцу харцоно шаьш шайна тIе куьг хьочу хьоле балийнера тутмакхаш.