ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх шо хан тоьхна Иракъехь лаьцначу немцойн йоIанна


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:00 0:00
Линкана тIе

Даханчу шеран аьхка нохчийн къомахчу зудчуьнца цхьаьна Иракъерчу Моссул гIалахь лаьцнера ДАIИШ-ан тобанехь хилла немцойн Линда цIе йолу кхиазхо. Ши шо хьалха интернетехула Шемахь тIом беш волу цхьа кIант а вевзина, бусалба дин тIеэцнера цо. ХIетахь немцойн Пулшнитц гIаларчу ишколехь доьшаш хиллачу цу йоьIан 15 шо бен дацара. Цул тIаьхьа цкъа хьалха Туркойчу, цул тIаьхьа Шемарчу Раккъе дIаяхнера иза.

ХIетахь дуьйна иза йолу меттиг хууш дацара цуьнан гергарчарна, даханчу аьхка Иракъерчу эскархоша иза лаца а лаьцна юьгуш видео яржалца. ДАIИШ-хоша Моссул юьтучу хенахь цигахь херцашлахь битинчу зударшна а, берашна а юккъехь лаьцнера иза. Цуьнца цхьаьна иштта Германера Шема дIаяхана йолу цхьа къона нохчийн зудий, Мароккора орамаш долу кхин цхьа зудий, цуьнан йоIий а караяхнера иракъхойн.

Германин урхалла Линда Даймахка юхаерзон къахьоьгуш яра. Оршот дийнахь баьржинчу хаамца, цунах гIуллакх ца хилла. Линдина БагIдадерчу кхело набахтехь яккха ялх шо хан тоьхна. Царех пхи шо цо террорхойн тобанехь дакъалацарна кхайкхина ду. Ткъа низамца а доцуш цо Иракъан доза хадорна кхин цхьа шо а тIетоьхна.

Шена тоьхна хан БагIдадерчу набахтехь яккха дезар ду Линдин, хIунда аьлча, Германиний, Иракъний юккъехь тутмакхаш хийцаран хьокъехь бина барт ца хиларна.

Линда хIинца а I8 шо кхачанза хиларна, кхиазхойн кхелехь теллина цуьнан гIуллакх. Иза жима хиларца кхетон догIу и йоI ирхъолла сацам Иракъерчу кхело ца бар а. Меттигерчу низамашца террорхойн декъа хиллачарна, зуда я боьрша стаг бен а доцуш, хьалаолларан таIзар ду, Маршо Радионе Гергарчу Малхбалех эксперт волчу Венерчу политолого Шмидингер Томасас ма-дийцара.

Ирхъолларца таIзар дан хIинцале а ДАIИШ-ехь хиллачу шина зудчуьн хьокъехь сацийна БагIдарерчу кхело. Масех кIира хьалха Германерчу Маннхаймера Шема яхана, цул тIаьхьа Линдица цхьаьна лаьцна Мароккора орамаш долу зуда дуьххьарниг яра Иракъерчу кхелахоша ен сацам бинарг.

Цуьнан 21 шо долчу йоIанна, ала дашна, набахтехь даккха цхьа шо тоьхна кхело. Ца луушехь нанас шеца Шема а йигина, цигахь тIемалочуьнга ницкъаца маре дIаелла хиларна ен сацам ца беш къинхетам бина цунах кхело.

ХIинца гIардаьлла ма-хиллара, кхин цхьа зуда а ирхъолла сацам бина иракъхойн суьдхоша, „Исламан пачхьалкх“ тобанах дIакхетарна. Иза, кхело бинчу хаамца, Туркойчуьра ю.

Германера Шема дIа а яхана, юха Моссулехь кхечу зударшца лаьцначу нохчочун кхоллам цкъачунна бевзаш бац. Тергамхошна хетарехь, иза шен гIуллакх БагIдадаречу кхело талларе хьоьжуш набахтехь ю.

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG