"Мемориало" бинчу хаамца, шен кIант Хараев Апти лохуш гIо де аьлла цаьрга дехар дина Iалхан-Юртарчу яхархочо Хатуева Марема. Хараев вайна кху беттан 14-чу дийнахь, ТIехьа-Мартан кIоштара миграцин сервисан декъе воьду аьлла ГIойтIара араваьллачул тIаьхьа.
Оцу сервисехь тIечIагIдина Хараев цига веана хилар. Амма цара кIоштарчу полице хьжийна хилла иза. Цул тIаьхьа Хараев гина стаг вац.
"Мемориало" бинчу хаамца, 2001-чу шарахь Ичкерин армехь тIом бина аьлла Хараев чувоьллинера 15 шо ах шо хан тоьхна. Хан текхна ваьлла иза цIавеана хилла кху беттан 2-чу дийнахь.