Соьлж-ГIаларчу гарнизонан тIеман кхело сацамбина дезертиралла аьллачу Iедалан къепехула. ТаIзар динарг ву тIеман гIуллакхдархо Бугучаев Зеламха. Карарчу хенахь сацамна латкъамбина лакхарчу инстанцехь. Бехктакхаман гIуллакх доьзна хила тарло Украинерчу тIамца.
ГIуллакхан карточкица а догIуш, Стигалкъекъа-баттан 27-чохь кхеле кхачийна и гIуллакх, ткъа сацамбина цуьнан хьокъехь Мангал-бутт бовш. Кхелйинчун адвокато бинчу латкъамца гIуллакхан материалаш Товбеца-беттан 19-чохь Къилба-Кавказан гонашкарчу тIеман кхеле дIахьажийна.
Стенна тIехула гIуллакх айдина а, кхело Бугучаевна мел хан тоьхна а, карарчу хенахь хууш дац – гарнизонан кхелан сайтехь сацамбарх информаци яц. Оцу юкъанна таIзар дина, пачхьалкхан тайп-тайпанчу регионашкара эскархой, иштта Къилбаседа Кавказера а цхьаьна, Украине тIаме ца баха, кIелхьарабийла гIерта бохуш, хаамаш кхочучу хенахь.
Бугучаевна таIзар динчу Оьрсийчоьнан УК-н 338-чу Iедалан къепан 1-чу декъаца а догIуш, цо шен лаамехь тIеман дакъа йа гIуллакх ден меттиг дIатесна боху, тIеман декхарш кхочуш ца дархьама. ВорхI шаре кхаччалц хан кхачайо цунна чохь яккха. Муьлхачу декъера иза дIавахна, йа дакъалаьцний цо Украинерчу тIамехь, цкъачунна хоуьйтуш дац.
БIаьрла ду, кхул хьалха дезертираллех долу бехкзуламан гIуллакх Соьлжа-ГIаларчу гарнизонан тIеман кхеле 2016-чу шарахь бен кхаьчна цахилар. Цул хьалха дезертираллина тIехула колонехь даккха шо туьйхира нохчийн декъехь гIуллакх деш хиллачу Мартынов Сергейна, 2008-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь эскарера ведда хиллера иза, цул тIаьхьа ялх шо даьлча бакъоларъяран органашна ша тIевеанера.
- Краснодарерчу Росгвардин эскархоша, Чиллан-баттера Оханан-батте кхаччалц Украинерчу тIамехь дакъалаьцна болу, юха а шаьш цига хьовсо гIоьртича, рапорташ чуделла хиллера тIом бан дуьхьало йеш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиина дийцира Краснодаран кIоштахула йолу Федералан эскарийн Къоман гвардин коьртачу урхаллерчу хьостано. Информаци бакъйира цхьахволчу эскархочо а. Цо дийцарехь, Росгвардин бIахой чIогIа реза бацара шина баттахь Украинехь хиллачул тIаьхьа шайна деллачу ахчана – лур ду аьллачул а дуккха а лахара хиллера уьш.
- Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, Украинана дуьхьал тIемаш бан «лаамахой» санна дIахьежорхьама лечкъийна буьгучу республикерчу бахархоша шайга дIахьедарх лаьцна. Церан дешнашца, харжам аттачех ца хуьлу: контрактана куьйг яздой, нах байа воьду хьо, йа «къайлахчу» набахтешкахь билгалъяккхаза хан такха воьду.
- Хьалхо украинхойн талламо хаамбора нохчийн дакъошкахь саботаж лелорах – цуьнан хаамашца, Шела гIалара 70-чу гвардин полкан 42-чу дивизин эскархоша дуьхьало йинера Украинерчу тIамехь дакъалаца, шаьш Оьрсийчу юхадига аьлла, тIедожийнера цара. Диллина шайн тIедахкарш дIахьедийраш дакъойн командираша тIеман уггар а кхерамечу меттигашка хьийсош хиллера, ткъа къаьсттина Оьрсийчу юхабаха луушберш билгалбахархьама ФСБ-н 58-чу юкъарчу эскаран белхахой юкъабалош хиллера, хаамбора къайлахчу сервисаша.