Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело сацамбина Басаев Шемалан тобанан шина декъашхочун хьокъехь - велла дIаваллалц хан тоьхначу Ставрополан вахархочунна Понарьин Максимна а, чохь даккха 15 шо токхуш хиллачу Кхарачой-Чергазийчоьнан вахархочунна Атуов Рашидна а, федералхошна тIелатарна и шиъ бехкехилар тIе а чIагIдина. 12,5 шераш кхачийна цу шинна а колонихь даккха.
Талламан версица, Атуовс а, Понарьина а Басаевн а, Хаттабан а буьйраллица 2000-чу шеран зазадокху-беттан 29-чохь Веданан кIоштара Джани- Ведана эвлахь тIелатар динера Пермскан кIоштарчу ОМОН-н вовшахтоьхначу декъана а, Нохчийчуьра комендатурин эскархошна а. Оцу тIехула 43 стаг вийра, бIе сов лазийра.
Аутов а, Понарьин а кхел йолаялале хьалха талламхошца берта вахара, бехкаш тIелоцуш, шаьш динчу зуламашна кхелехь тоьшаллаш дайта дуьхьал а хуьлуш.
ТаIзар кхайкхочу хенахь кхело тидаме ийцира, Понарьинна ялх эпизодехь бехкевина, таIзар дина хилар - бакъо йоцуш герз лелор, диъ терроран зулам, ши стаг вер, бакъо йоцуш герз кечдаран йиъ эпизод, иштта бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанехь дакъалацар, Псковн десантхошна тIелатар а. Доккхачу декъанна, Понарьин хьалхо бехкевинера Москварчу метро чохь терроран тохарш вовшахтохарна а.
Атуовна бехкедиллина, хьалхо талораш лелор а, ницкъахошна тIелатар а федералхошна кIелояр а.
- Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.