ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн а, австрихойн а доттагIаллин тIеш


Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:37 0:00
Линкана тIе

Хууш ма хиллара, тIаьхьарчу беттанашкахь алсамдаьлла нохчийн къомах мухIажарш меттигерчуIедало нуьцкъалха Оьрсийчу дIахьежор. И хIума, хетарехь, махкахь аьтто-консервативан популистийн партеш Iедале кхачарца доьзна ду.

Амма юкъараллехь дукха бу керлачу Iедалийн мухIажаршца шога политика къобал ца еш болу нах. Царех цхьаъ ву вевзаш волу блоггер а, ресторатор а Ландау Даниэл. Баханчу Дечкен-баттахь ТикаевгIеран доьзална меттигерчу Iедало депортаци ечу хенахь цу доьзалан кхоллам шуьйрачу юкъараллина гIарбаьккхинарг вара иза.

Хаамийн гIирсаш а, адамийн бакъонашларъярхой а, политикаш а ира-кара хIиттийна, и доьзал ара ца баккхийта гIоьртира Ландау. Амма цунах гIуллакх ца хилира. Iедало шен Iалашо кхочуш йира.

ХIетте а, ТикаевгIар Нохчийчу австрихойн Iедалша дIакхачийначул тIаьхьа а, цу доьзалца зIенехь ву Ландау, царна керла дахар аттачу даккха гIерташ.

ТикаевгIарна а, уьш санна Австрин Iедалша Оьрсийчу дIахьовсийначу кхечу нохчийн доьзалшна а гIодархьама лерина дикдаран суьйре вовшахтухуш ву Ландау кху деношкахь. Меттигера исбаьхьалхой а, мукъамчаш а, актераш а кхайкхина цо цига.

Ткъа иштта депортацина лерина арт-проект кхочушйина долу нохчийн бераш а. Ткъа цуьнан коьрта Iалашо ю цу леринчу концертан суьйренца австрихойн-нохчийн доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь гIулч яккха. Юкъараллехь нохчашка болу хьежам хийца гIорта.

Исбаьхьаллин гIирсашца адамашна юкъахь тIеш дехка йиш юйла гайта лаьа шена бохуш дуьйцу Ландаус: „Оха и концерт шина бахьанца вовшахтухуш ю. Цкъа делахь, тхо ТикаевгIеран доьзална ахча гулдан гIерташ ду, царна керлачу меттехь гIодархьама.

Ткъа шолгIа-делахь, тхуна чIогIа мехала ду нахана гайта, исбаьхьалло а, културано а интеграцин тIеш дохкуш хилар. Иза адамашна вовшех кхета а, вовше гIоле довза а, вовшашца зIенаш кхолла а дика аьтто беш суьйре ю“.

Охан-беттан 15-чохь дIахьон йолу "Австрихойн-нохчийн доттагIаллин суьйре" вовшахтухуш дакъалоцуш бу меттигерчу Баьццарчу партин векалш а, цхьамогIа цIеяхана болу исбаьхьалхой а, ткъа иштта нохчийн зударша кхоьллина йолу „Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла“ а.

XS
SM
MD
LG