ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Велла дIаваллалц тIаьхьара вер вац сайн чIирхочунна". Кадыровн Нохчийчуьра вендетта


Нохчийчохь чIирхой куьйгебахийтар, 2012-чу шеран чиллан-беттан 13-гIа де
Нохчийчохь чIирхой куьйгебахийтар, 2012-чу шеран чиллан-беттан 13-гIа де

Нохчийчуьра Гуьмсан кIоштахь чIирхой бертабохуьйтуш юха а маслаIат дина леррина Динан урхаллин комисси юкъахь йолуш. ГIордали эвлара стаг верна бехкеволчун гергарчийн цIарах вистхилла мехкан муфтийн гIовс. Оцу бараман кепо шеконаш тесна куьйгебахарна, бертаза дина маслаIат ду аьлла хоьтуьйтуш. Иштта хета Кавказ.Реалии редакцин корреспонденто къамелдинчу республикерчу юкъаралхошна а.

БIегIийла гIирс

Дечкен-баттахь Нохчийчуьра муфтиято дIакхайкхийра 58 чIирхо бертавахийтина шаьш 2022-чу шарахь аьлла. Урхалло билгалдоккху, Iедалхоша "чIир юкъара йаккхархьама дуккха а къахьоьгу". Оцу кепара Кадыров Рамзана тIедиллар динчул тIаьхьа "болх беш ю маслаIатан комиссеш, цу юкъахь бу Iеламчаш, къаной, лараме нах", аьлла ду меттигерчу зорбанан гIирсийн хаамашкахь.

Хьоле хьаьжжина хуьлу Нохчийчуьрчу Iедалхойн чIиран институте болу хьажам. Iедалхоша жигара кхайкхамаш бо мехкан бахархошка оцу Iадатах дIахада бохуш, амма цуьнца цхьаьна Кадыровс а, цуьнан гоно кест-кеста чIираш кхийкхайо шайна дуьхьалбевллачаьрга. Оцу кепара тIаьххьара хилларг ду 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь, хIетахь Украинехьа тIемаш бечарна кхайкхийра чIир.

"Нохчаша чIир тесна ца юьту. Украинера спецопераци мухха йерзахь а, муьлхха жамIаш цуьнан хилахь а – царах хIорраммо а жоп лур ду шаьш лелийначу зуламех", - йаздина Кадыровс. ЧIиран мостагIалла –ширачу заманан битам бац, мелхо а, "агресси сацон цхьаъ бен боцу маьIне гIирс бу" аьлла, тIетоьхнера хьаькамо.

Масийттазза вистхилира Кадыров чIирца бекхам бан беза гIаттамхойх дIакхеттачу меттигерчу бахархойн гергарчарна бохуш. Масала, жоьпалла массарна а тIедожош хиларх хиира Нохчийчохь 2016-чу шеран дечкен-баттахь, хIетахь кегийрхойн тоба тIелеттера полицин белхахошна. Пригородное олучу эвлахь, цигахь бехаш бара шекболчу Бахарчиев Зеламхин гергарнаш, Iедалхоша меттигера бахархой вовшахтуьйхира, цигахь муфтиятан а, полицин а белхахой а цхьаьна бара дакъалоцуш. Гулбеллачара неIалташ кхайкхийра боллу доьзална, БахарчиевгIар махкара арабехира, царна чIир а кхайкхош.

БахарчиевгIеран доьзалан къано – Асланбек, оцу хенахь цIе ца йоккху лазар токхуш вара тIаьххьарчу стадихь, дукха ца Iаш нехан махкахь кхелхира иза ша токхуш хиллачу лазарх. Веллачун тIаьххьара лаам кхочуш ца бира Нохчийчоьнан Iедалхоша – ша ваьхначу эвлахь дIаволла аьлла дара цуьнан весет. Бакъду, БахарчиевгIарах Iоттаделларг дерзо ца хьоьвдира йа муфтийатан а, йа Iедалхойн а векалш.

2020-чу шарахь муфтиятан векалш тIаьхьий-хьалхий тхан кочаэха буьйлира тхан, ницкъахой а, администрацийн куьйгалхой а улло баьхна

2010-чу шеран гезгамашин-баттахь мехкан урхалхочо чIагIдора, дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчохь чIирхой мостагIаллехь хилар доккха зулам ду йоллу регионан бахархошна аьлла. "ЧIирхо цара вийча, цуьнан бераш бай дитича, хIусаманана а цунах йисича, вукхеран гергара стаг денлур ма вац", - кхайкхам бора цо маслаIате.

Оцу хенара схьа дуьйна ша Кадыров, йа цуьнан го ларийна чIир хьейан дуккхаъчу нахана, ву царлахь Нохчийн Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад, блогерш Абдурахманов Тумсо, Халитов Хьасан, оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран доьзал, иштта Украинехь тIемаш бен Ичкерин агIончаш а.

"Украинан президентана Зеленский Владимирна кхайкхо йогIура чIир", - дIахьедора Кадыровс, амма юха а дохковелира иза, хIунда аьлча, украинхойн президентан политико гойту, цунна хетарехь, Малхбузенах иза воьзна хилар.

Нохчийчоьнан куьйгалло чIийр кхайкхор цхьацца меттигашкахь резонансе хилира. Цуьнца доьзначу хеттаршна жоп дала дийзира Кремлехь – цигахь хьолан терго ца йар гIоле хийтира.

"ЧIир кхайкхор Кавказан ламаст ду олийла ду, делахь а, Оьрсийчоьнан низамашца и ламаст догIуш дац", - йовзийтира Кремлан позици Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс, суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин доьзалца Iоттаделлачунна юккъехула.

ЧIир кхайкхор нахана

Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчара билгалдоккху, и ламаст цхьа маьIна долуш дац бохуш, Нохчийчохь чIирхошна юкъахь маслаIат дар бертаза ду аьлла, тIе а чIагIдеш.

Веданан кIоштара Исламан (цуьнан дехарца цIе хийцина ю.- Редакцин билгалдаккхар.) доьзал а бу мостагIалла лелийна, 14 шо даьллачул тIаьхьа бертаза куьйге бахийтинчарех. Цо дийцарехь, 2007-чу шарахь пайдабоцчу хIумана тIехула дов даьлла, цуьнан шича вийра – бехкениг веддера юьртара шолгIачу дийнахь. ЦIийнах болчаьрца дийцарш динчул тIаьхьа, сацам бира иза вийначунна чIир кхайкхо.

"2020-чу шарахь муфтиятан векалш тIаьхьий-хьалхий кочаэха буьйлира тхан, ницкъахой а, администрацийн куьйгалхой а улло баьхна. Юьхьанца дехарш дора тхоьга, Далла дезначех ду чIирхочунна гечдар бохуш, хьехамаш беш… Тхо берта ца дахара, тIаккха буьйлабелира кхерамаш тийса, шантаж лело, шаьш Кадыровн цIарах лелаш ду бехира", - дийцина Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Цо бахарехь, маслаIат хилира церан Iедалхоша Iаткъам бича, амма ша къамелдийриг дуьхьал ву бехкечунна гечдан. "Хенан йохалла дуьтуш хIума дац чIирца доьзнарг", - билгалдоккху цо.

"Цунна тIехь дисина цIий, нахана гергахь дов дирзина лоруш делахь а, чIирхочунна тIаьхьара вер вац со велла дIаваллалц. Далийта кхин а 15 шо, ас сайн кIантана а тIехь дитина бекхам бар, со ца кхиавахь", - дерзийра Ислама.

Австрихь вехачу жигархочо, Нохчийчуьра Iеламчас Арсбин Абубакара чIагIдо, нохчашлахь чIир хьейеш хилла гуттар а стаг вийча, йа зудчун сий дойуш цхьаъ даьллехь бохуш.

"Дино магош ду бекхам бар, Библихь а санна: "бIаьрга дуьхьал бIаьрг, церга дуьхьал церг", амма исламо гечде боху. Цундела Нохчийчохь дукха хьолахь куьйгебоьлху, къаьсттина ларамза стаг вийнехь", - тIетуьйхира Iеламчас.

Нохчаша цкъа а гечдийр дац шайга Iазап хьегийтар, ницкъбар, сийсаздар, хаа а хуш, шайн стаг вийнехь – муххале а

2018-чу шарахь массанхьа а дуьйцуш доккха хIума хилира некъаца нах а бойуш хиллачу бохамах, зуламна бехке вара Кадыров Рамзанан шича, оцу хенахь Шелан кIоштан префект хилла Ибрагимов Турпал-Iела ("Быстрый"). ЧIогIа хаьхкинчу шен машенца иза тIекхеттера кхечу машенна – цу чохь хилла дийнна доьзал белира. Масех де даьлча махкарчу МВД-хь цкъа бакъ дац бехира Ибрагимов гунахь хилар, цуьнан маьхча вара машенан урхалла дийриг аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин хаамашца, Ибрагимовн хадархоша телефонаш схьайаьхнера некъан бохам гинчу нахера, цигахь хиллачух суьрташ дIаса ца даржадайта.

Кадыровн гергарчунна цхьана а кепара таIзар ца дира, цхьаммо а чIир ца кхайкхийра цунна. Цул совнах, меттигерчу телеканало гайтира, беллачу доьзалан агIор болчу наха дехар дина Нохчийчоьнан урхалхочуьнга Ибрагимовна "гечдахьара", иза "даржах ца воккхуш" аьлла. "Дела болх бу", - бехказаваьккхира тезетахь зуламхо, маслаIатна хьажийначу тобанан декъашхочо, Iеламчас Шахидов Адама,

Цул хьалха Кадыровс дIахьедира, шегара даьллачух жоп массара а цхьатерра лур ду, иза шен уллора гергара велахь а аьлла: "Цхьаъ бехказаваккхий? ХIан-хIа! Дависа, сан уллора гергара стаг хир вацара-те низам дохийнарг, нахана дIагойтур дара ас, цхьаьнга а забарш йойтур йоций", - боху видео тIехь Кадыровс.

Германихь вехачу нохчийн жигархочо Сулумов ЯрагIис, Нохчийчохь чIир кхайкхорах лаьцна дуьйцуш, дIахьедира, Iедалхой бехказабовла гIерта шайн карах веллачун гергарчарна ахчанаш луш, йа шайн уьйрех пайдаоьцуш. Делахь а, тешна ву иза, нохчий ладоьгIуш Iаш бу, Iазапаш хьегийтарна, шаьш сийсаздарна, шайн нах байарна гунахь берш жоьпалле озо.

"Нохчаша цкъа а гечдийр дац шайга Iазап хьегийтар, ницкъбар, сийсаздар, хаа а хуш, шайн стаг вийнехь-м – муххале а. Хууш ма-хиллара, нохчашлахь чIир хенан йохалла дицлуш, дуьтуш хIума дац. Ларамза, ца хууш стаг вийнехь бен геч ца до нохчаша", - элира нохчийн жигархочо.

Шаьш эшна догIий хууш ву Нохчийчоьнан куьйгалхо а, Кадыровн го а, цундела чIира кхайкхор дайа гIерта уьш, меттигерчу нахана шайна тIехь лелийнарг дицлур ду аьлла хеташ, дерзийра Сулумовс.

  • Кадыров Рамзана а, цуьнан агIончаша ашайн оппоненташ бойур бу бохуш, шайн Iалашо "чIир йекъар" ду бохуш, кхерамаш тийсар дуьххьара дац. Цуьнан кхерамашна дуьхьал жоп лучу Ичкерин маршонан агIончаша дIахьедира, Кадыровс юха а талхош лаьтта нохчийн гIиллакхаш, ткъа чIир кхайкхор тIеман заманахь баккъал а тIеоьцийла дац аьлла.
  • ЧIр йекъаран коьрта низамех дара стаг вийначу оцу цхьанна бекхам бан таро хилар. МостагIалла иттех шерашка дIадахлора: цIий Iанналц, йа царна юкъахь маслаIат даллалц. ТIаьхьо "бIаьрга дуьхьал бIаьрг" боху принцип йохийра – нислора, стаг вийнарг дийна воллушехь цуьнан гергарчарна бекхам беш. И керла хIуманаш юкъадехира советан Iедалца аьлла хетара этнографна Хасиев Сайд-Мохьмадна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG