ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла Мухьаммад пайхамарна карикатураш ехкина Вестергор Курт


Вестергор Курт
Вестергор Курт

Данехь велла 86 шаре ваьлла карикатураш яхкархо Вестергор Курт – цо Мухьаммад пайхамар ву, бохуш, дехкинчу суьрташа эргIадбахийтинера бусалбанаш, дуьхьалонан акцийн тулгIе а гIаттош, хаам бо Свобода Радионо.

Весторгоран доьзало бинчу хаамца, иза велла еххачу хенахь цамгарца хан яьккхинчул тIаьхьа. Цуьнах лаьцна яздина Данера "Берлингске" зорбан гIирсо.

1980-чу шерашкахь дуьйна "Юлландс-постен" газетаца болх беш хилла Вестергор Курт. Оцу газетан агIонашна тIехь 2005-чу шарахь гучуевлира Мохьаммад пайхамарна йиллина 12 крикатура, царах цхьанна тIехь иза гойтуш вара тIехула милт йогуш бомбан кеп йолу куй а тиллина. Бусалбанаша лерира и карикатураш сий дойу хилар.

ОьгIазбаханчу делах тешачу наха тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь тIелетарш дира Данийн дипломатин миссешна. Оцу хиламийн куьльминаци хилира 2006-чу шарахь Чиллан-баттахь. Къепедацаршкахь байъира иттаннаш нах. Дуьхьалонан акцеш хилира Данехь а цхьаьна. Iедале латкъамаш кхечира алсам бусалбанаш бехачу пачхьалкхийн векалшкара.

2015-чу шарахь Дечкен-баттахь 12 стаг вийра Парижехь "Юлландс-постен" газетехь хилла карикатураш зорбане яьхначу францхойн Charlie Hebdo журналан редакцина тIелатар дина.

Шена Вестергор Куртана а тийсинера кхерамаш, карикатураш зорбане евллачул тIаьхьа, иза вен а гIоьртира. 2008-чу шарахь Данин лерринчу сервисаша хаам бира, суртдиллархо вен план яьккхина хилла кхо стаг лаьцна шьш аьлла. Кхин а ши шо даьлча Вестергоран хIусамна чохь карахь урс а долуш лецира 28 шо долу Сомалера схьаваьлла Геле Мохьаммед. ТIаьхьо, 9 шо хан а тоьхна, чувоьллира иза, стаг вен гIортарна а, терророран декъаошхо хиларна а бехке вина.

ТIаьхьарчу шерашкахь Вестергор Курта дийзира къайлахчу адресашкахула ваха, Iедало деш ха а долуш.

2008-чу шарахь Reuters агенталлана ша еллачу интервьюхь сурдиллархочо элира ша динчунна дохко ца ваьлла ша аьлла.

Вестергора чIагIдора шен карикатураша мехала дискусси гIаттийра дуьненан мехаллаш хьалха яьхна ехачу малхбузерчу пачхьалкхашкахь исламо дIалоцучу меттигах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG