ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу дагестанхочун йиша лаьцна ФСБ-на хьалха Москвахь


Москвара ФСБ-н гIишло неIарех цIе тесначул тIаьхьа. 2015 шо
Москвара ФСБ-н гIишло неIарех цIе тесначул тIаьхьа. 2015 шо

Стохка вийначу ХIинжа-ГIаларчу вахархочун Абдуллаев Гасанан йиша лаьцна полицино Москвахь. Динчу зуламна кадыровхой бехкебеш, ФСБ-н гIишлона хьалха пикете яьллера иза, яздо Кавказ.Реалиино.

Москварчу Кутузовн проспектехь 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь герз тоьхна, вийнера Абдуллаев – буьйсанна ялх стаг тIелеттера цунна. Йинчу чевнех кхелхинера 28 шо долу Дагестанан вахархо оцу меттигехь. ТIелеттарш муьлш бара хIинца а билгалдаьккхина дац - «Осторожно, новости» телеграм-канало хаамбарца, 2021-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна талламан органаша цхьалха даьккхина хIума дац иза вийнарг лохуш.

Абдуллаева пикете йолуш караэцначу плаката тIехь яздина дара "Кадыровцаша вийна сан ваша 15.08.2021-чу шарахь. Иза вийнарш лецна бац. Нийсо яр тIедожадо" аьлла. Лаьцнарг полицица "къамел деш" ю, хаамбира журналисташа. ХIоттийний цунна протокол, хIоттийнехь муьлхачу къепеца, цкъачунна хууш дац.

  • Москвахь митингехь ОМОНхойх тийсавелла Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад гIуда тухучу изолятор чохь ву кега-мерса низамаш дохорна. Цунах лаьцна хаамбира цуьнан ненайишас шен къевлинчу инстаграм-аккаунтехь, адвокаташ колонехь иза волчохь хиллачул тIаьхьа. ХIун низамаш дохийнера, дуьйцуш дац цо.
  • Кхиазхочуьнгара 600 эзар сом ахча доккхуш хилла аьлла, шеконашаца Москвахь лецира ши стаг – Baza телегрма-каналан хаамашца, лаьцначех цхьаъ ву дагестанхойн ийначу кепехь латархо Магомедов Асхьаб. ВорхI шо гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG