ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доггах лехарна 22 шо даьлча карийна йоI


Ибрагимова Рабат а, цуьнан йоI Хьава а.
Ибрагимова Рабат а, цуьнан йоI Хьава а.

Соьлж-ГIалин яхархочун Ибрагимова Рабатан цIахь тахана самукъане ду. Кху шина-кхаа дийнахь цаьрга хьеший бу оьхуш, иза а, цуьнан йоI Хьава а декъалйеш. И шиъ 22 ши шо хьалха къаьстина хилла, хIинца бен вовшах ца кхетта. ЙоI дукха жима йолуш яйна хилла цуьнан.

Хьалхара тIом болабелла хан хилла иза. Рабат марера йоьхна шен децIа яхана хилла. ЙоI марзахоша шайца йитина. Дуьненчу яьлчахьана заьIап йолу иза лелош цуьнан деда, денана хилла. Дас а кхин доьзал болийна.

Рабат ша а кхечу цIен тIе яхана. Кхетамца а, дегIаца могаш йоцу йоI, араяьллачохь яйна лоруш хилла. Амма кху тIаьхьарчу шерашкахь ненан Рабатан аьтто баьлла цунна тIаьхьакхиа. Луларчу Дагестанера Дербент-ГIалин иштта цомгаш нах чохь латточу хIусамехь хилла иза. Шена ца моьттинера цкъа а иза елла хир ю аьлла.

Цундела, Дала шена ницкъ белира иза схьакарон, бохуш дуьйцу Ибрагимова Рабата: «Суна хIара яйна хир ю аьлла хетара. Жима йолуш а дIайоьдура хIара иштта. Ша дIаяха езий, ца езий ца хаьара цунна. Суна цкъа а хIара елла хир ю аьлла ца хетара. Суна дуьххьара гича, хиира хIара юйла сайниг.

Хьо уьйтIа ваьлча, хьан дог эккхал оццул цомгашчу берашна юкъахь яра хIара. Со дIакхаьчча, шадолу бер, шайний-шайний тIаьхьа ца еъна теша бохуш хьалагIаьттира, соьга хьаьжжинчохь дисира.

Оццул берашна юккъахь сан бIаьрг цунна тIехIоьттира, иза соьга схьа а хьаьжира. Со гича хьала а иккхина, ша бер долуш санна, суна дуьхьала едда, со мара йоьллира цо. Вукхара, собардел, Хьава, иза мила ю, бохуш хиттира. Иза сан нана ю, ас шуьга баха ма бехира сан нана ю,элира цо. Цигахь ша верриге а воьлхуш вара и сурт гина».

И йоI карийча, Нохчийчуьра Iедалшка гIо дехна Ибрагимова Рабата, иза цIаерзош.Кхузара мел оьшург сихонца дина. Ала деза, атта дац, баккъал а да-нана даьлча, ишттачу меттера бер цIа дига. ДНК-текст а яьккхина, тIаккха кхиэлан сацамца бакъо ло уьш цхьаьнакхета. Иштта хилла Ибрагимова Рабатан йоIаца а.

Цул сов, ХIинжа-ГIалара дарбанан хIусамера коьртачу лоьро шен юьхь йохура, хьуна иштта заьIап йоI хIунда оьшу шена хууш ду, хьо иза ей-яккхий йоллу бохуш.

Иза чIогIа халонга даьллера шена, аьлла кхин дIа а дуьйцу Ибрагимовас: «И директор соьга луьйш, хьо цуьнан чоконаш йохка йоллу бохуш, оцу ХIинжа-ГIалара дарбанан хIусаман директор яра цхьа йоккхастаг. Со цига оьхуш, цигахь цхьацца цомгашчаьрга хьожуш болу зударшна къахетара соьх. Царах цхьаммо кисанна кехат диллира, ас хьайга аьллий ма хаийталахь, Буйнакск-ГIалахь пансионате дехьаяьккхина хьуна хьан йоI аьлла».

ЙоI лохуш шена ницкъ белларг Дела ву, уллера даима гIодеш нисбелла нах бу бохуш, баркаллица боху, шен йоIаца тахана цхьаьна ехачу Ибрагимовас: «Кхуннна дан хIума доцуш,елча, цхьанхьа дIаюллур ю-кх цара, суна тIеяха барз хир бац-кх бохуш, Далла гергахьсо жоьпе озор ю бохуш, шортта ойланаш йина ас. Хийла хан дIаелира. Делан къинхетамца, хIара суна хIинца схьаерзийна. ХIинца со елча а хIума ца хета суна. Дела реза хуьлда суна гIо мел динчунна».

Тахана, Ибрагимова Рабатан йоIана Хьавана атта дац керлачу хьолах а, нахах а дIайола. Амма наггахь ша хиина Iачу хенахь, цициган кIорни санна шена улле а таьIий, шен коьртах куьг хьокху боху Хьавас. Вовшех ца эцначу марзонах кху деношкахь Iаба гIерта и наний, йоIIий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG