ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь кхоллалуш ю йовлакхийн керла бренд. Иштта мах хадийна Соьлжа-ГIалахь суртдиллархочун-модельеран гайтаман. Дарин кIадин йовлакхаш хаздина нохчийн бустамашца, тайп-тайпана ширачу йозанан мукъамаша. ТIера бIаьрг ца баккхалуш куьцехь ду уьш.

Авторо Газиева Мадинас дийцира ша и йовлакхаш дан муха йолаелла. Дуьххьара и ойла кхоллаелла шен нохчийн истангийн бустамаш гича, элира цо: "Ас вайн истангашна тIера бустамаш талла долийча, суна дагадеара хIунда ца бохуш бу уьш таханлерчу кIадина тIе аьлла. Ас айса а йовлакх лело дикка хан ю. Суна лиира йовлакхаш дан, вайн цу кепар уьш хилла ца хилар хиъча. Иза вайна оьшуш ду".

ХIора йовлакха тIехь долу сурт шен кIорге чулацам болуш ду. Масала, сурта юкъахь ши кIудал ю, вовшашна тIеттIатаьIна. Гонаха хи ду, цунна гонаха Iалам а, лаьмнаш а ду. ЦIена шовда санна цIеначу ойланашца кхоллалучу доьзалх хIутту къам аьлла маьIна ду цуьнан.

Нохчийн ширачу бустамашка хьаьжча къастало къоман са а, цуьнан истори а. Шена иштта хета боху авторо Газиевас: "Куьйган говзалло а, бартан кхолларалло а къоман са гойту. ХIора бустамо, Iаламо вайн къоман амал кхиийна".

Ткъех болх бу Газиева Мадинас гайтаме баьккхина. Уггаре а шена хьоме хетачерах ненах лаьцнарг бу боху цо. Зезагашна юкъахь ага техкош ю жима зуда. Корта оллийна ю иза, хетарехь, шен беран дахарехь хIуьттур йолчу халонашна сингаттамехь. Цу шинна гонаха лаьмнаш а, бIаьвнаш а ю. Уьш мокхачу басахь ехкина авторо, оцу аганарчу беро къаго езаш хилар маьIне а дуьллуш.

ХIора йовлакх - къоман истори а, ламаст а. Иза муьлххачу зудчун коьртахь товр ду аьлла хеташ ю Газиева: "Вайн зударшна йовлакхех дерриге а хууш ду. Цундела суна лаьара дуьненехь а мах болуш кIадин йовлакх дан. Суна чIогIа лаьа иза цхьана нохчийн зударша лелийна а ца Iаш, дуьненан муьлххачу маьIIехь леладойла. ТIаккха вайн култура а евзар ю цигахь".

Кху деношкахь и йовлакхаш "Амат" цIе йолчу брендаца юккъаралле дохур долуш ду. Шеко а йоцуш, шен йовлакхаш, боггIу мах а хадийна, уггаре хьалха нохчийн мехкарша а, зударша а тIеоьцур ду аьлла, хета Газиева Мадинина.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG