ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хахка машен хилчхьана...


Нохчийчоь -- Жима стаг ву машенан корах арахьожуш, Соьлж-ГIала. 22Охан2013

Дуьненчохь кхиинчу пачхьалкхийн бахархоша шайн каракхочуш долчу рицкъан доккхах долу дакъа хIусаман кхачо ярний, могашалла ларъярний, исбаьхьаллех марзо эцарний духку. Оьрсаша духку юучунна -молчунна.  Ткъа нохчаша, гарехь, духкучух тера ду иза машенашна.

please wait

No media source currently available

0:00 0:06:17 0:00
Линкана тIе

„Ю ялла эчиг ма хилхьара цунах-м, Шелахь дала тата хилчхьана“ боху кица нохчийн къомалахь эрна кхолладелла дац. Иштта дешнаш кхоьллина долчу халкъалахь, гарехь, тахана я селхана даьржина дац шена пайда белахь а, бацахь а, шен таро елахь а, яцахь а, хьашт делахь а, дацахь а, коьртаниг - лула-кулара я генара нах цецбовлийтархьама хьуьнарш я хьуьнарш шаьш лорург лелор.

Советан заманахь дуьйна вайнаха шаьш вовшашца дагар дийца бевллачехь я шаьш шайн амалшна латкъамаш бо синхIоттамаш шайн кхоллабеллачехь олуш ду, декъаз къам ду вайнарг олий.

Цу декъазаллин масалаш а дахкадо вайнаха шаьш комаьрша – масала, къона къанвалла букъ саттийна, ца дууш-ца молуш, са малха ца долуш, къа а хьоьгий, гIаланаш санна цIенош а дой, юха уьш динабевллачул тIаьхьа уьш кхоадеш, уьйтIахь цхьа оьрсийн маттера схьаэцна „летни кухни“ олий, йоккха цIе а туьллий, Iай а, аьхка а цу чохь гатто ловш дуккхаъчара хилар.

Я оццу Советийн заманахь сел дефиците хилла йолу хаза пхьегIа цхьа ден вахар лой, эца а оьций, юха иза музейн экспонат санна ишкап чу дIа а хIоттайой, цуьнан кхоаман тиша пхьегIаш шаьш лелош хилар. Иштта дIа кхин а.

Нагахь санна Советан заманчохь ахча дайъа дукха аьттонаш ца хиллехь, цIенош дарий, дефиците пхьегIа эцарий бен, тIаьхьарчу шерашкахь карадеана долу сом машенах духкуш ду вайнаха. Бен а дац уьш Европехь бу я Нохчийчохь. „Хьенех вац, дIо минехгIеран, „Икс 6-гIа БМВ“ ю-кх цуьнан?“ олуш хеза я „Оффай, ма чIогIа ю хьенехо эцна йолу керла яьлла Мерседес!“

Масала, кху тIаьхьарчу беттанашкахь Германерчу нохчашлахь доккха дийцар хиллера, цу мехкан коьртачу шахьарахь мах лелош волчу цхьана махкахочо эцна йолчу G63 олуш йолчу Мерседесан джипах.

Цу машене хьовса цхьаберш боьлхуш, юха хьовса бахана и тамаша гинчара хIинца а ца гинчаьрга иза юьйцуш, цуьнан бакъболу махий, цу стаго цунах белла хила мегаш болу махий бахьана долуш къийсалуш, цхьаболчара цо цунах дIакхоьсча а 100 эзар сов евро делла хир ду олуш, вукхара, „в жизни“ лур дац цо цунах 100 эзар, Оьрсийчуьра ялийна хир ю, цигахь йорахох ю уьш бохуш, ткъа иштта и машен и мах а белла эцар хьуьнар ду я Iовдал сонталла ю бохучуьн хьокъехь вовшашна ваьснаш еш деха дийцарш лаьттира немцойн махкарчу нохчашна юккъехь.

Эххар а дукхахболчара сацам бира, „кредите эцна хир цо иза, хIан-хIа токхур бац цо цуьнан мах цIена такха ма-безара, Iовдал ма ваци иза, эцца шена жимма хахка а хаьхкина, цхьанге цIе тессина ягайойтур ю, „фолл каско“ хир ма ю цуьнан тешна а, тIаккха Iедало иза цунна метта токхур ю“, аьлла.

Кхин а йоккха IалагIож елира шо хьалха Европехь вехачу цхьана нохчийн жимчу стага Ютюбехула ша машен мел говза хохку гойтуш йолу видео яржийча. Цу тIехь машенан чкъургаш дIакхарчар шен хьуьнар хеташ волчу цхьана кIанта гойтура, ша куьйгашца рул дIахецнехь а, шен машен ша-шах дIайоьдуш хилар.

Мел даккхий дийцарш даьржир цул тIаьхьа, цхьаболчара цу кIентан сонталла емал еш, вукхара иза вуьззина къонах ву бохуш, цунна ловцаш беш, ткъа наггахьчара, хIей нах, и машен Тесла ю, иза иштта ша шах дIайоьдуш хуьлуш ю, пилот ца оьшу машен олу цунах бохуш, и нах кхетон гIерташ.

Ютюб хьахийначуьра аьлча, и портал йоьттина ю, нохчий, машенаший бохучу темаца йолчу видеошца – цхьаммо гойту инзаре чехка ша машен хохкуш хилар гойту спидометр, вукхо зуда ялочехь машенаш хьийзош, тIехбуьйлу европахой инзарбохуш, Iовдал лела махкахой, кхечара – машен юьгуш лаьтташехь йиш а локхуш, хелхавуьйлург. Иштта дIа кхин а.

Амма иза Европехь ду. КIезгох юй-те Даймахкахь бехачу нохчашлахь машенашца йолу шовкъ? ШаIми-юьртарчу Гайсумова Халипатс шен бала балхош хезча кхета, Нохчийчохь а машенашна чу садиллинарш хIуммаъ кIезгох ца хиларх а, ткъа цара нахех латтош болу бала мелхо а дуккъаъ безох хиларх.

Гайсумова Халипат: „Во а, дика а и сертификат карадогIушехь, хIусамда водий воьдий, шена цунах машен оьцу. Сайн чохь дерг дуьйцург ду ас. Ма эцахьара ахь и машен, цунах дан дезаш дуккхаъ гIуллакхш дар вай, аьлча, хIан-хIа машен ца хилча йиш яц аьлла, шена машен ийцира цо.

Эцна бутт а балале дIаIоьттина, йохийна лаьтташ ю иза. Иштта пайда бира тхан хIусамдас цу сертификатах. Амма, алхьамдулиллахI, дика ду цо цхьа а лаза ца вина а, цхьа а ца вийна а.

Нохчийн зударшкара и ненан капитал олуш долу и сертификаташ схьа а дохуш, шайна машанаш оьцу божарша, юха цу машен чу дотта бензин доцуш лела. ДIа ца делча а ма ца довлу вай цаьрга и сертификат, вайн карахь хIуммаъ доцийла вайна ма хаий.

Суна ца хаа, цара цу машенах иштта дозалла хIунда до, кхечу хIумнех дан дезара-кх цара иштта и дозалла“.

Цхьана хенахь дайша дикчу къонахчуьн дика дин хилар лоруш хилла. Амма ца хилла цкъа а дика дин къонахчун доьналлин я цуьнан бахаман, я цуьнан гIиллакх-оьзденгаллин, я цуьнан къонахчаллин барам хуьлуш. Тахана массо а кхечу дахаран агIонашкахь санна хийцаелла нохчийн мехаллаш вайнзаманахьлерчу динца- машенаца долчунна тIехь а.

Кредите эцна а, Ненан капитал сертификатах эцна а, Европехь берашна лучу пособех эцна машен эцар сий долуш хета дуккхаъчарна. Доцца аьлча, нохчийн кицанахь санна - „Ю ялла эчиг ма хилхьара цунах-м, Шелахь дала тата хилчхьана“.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG