ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яровая Иринин низаман проект къобалйина Путина


Пачхьалкхан Думан депутатан Яровая Иринин ша шена тIе куьг хьочу хьоле стаг ваьккхинчунна а, и зулам дарехь цуьнан аьтто биначарна а дуьхьал бехктакхаме гIуллакх айдеш, кховдийна низаман проект къобалйина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Боккха кхерам лору президента, суицидна пропаганда ен сайташ яржар.

Путинан дешнашца, «зуламхоша тIеIаткъамбо кхиазхойн а, кегийрхойн а къовлаялазчу психикана». Низамаш луьрачу кепе даха сацам хилира, хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхича, ВКонтакте социалан машанехь яьржинчу «Iожаллин группех» лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG