ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши стаг эккхийтар дарна шеконехь лору Оьрсийчоьнан ницкъхоша


Оьрсийчоь -- Питербухерчу метрохь, эккхийтар хиллачул тIаьхьа, Оханан бутт 3, 2017
Оьрсийчоь -- Питербухерчу метрохь, эккхийтар хиллачул тIаьхьа, Оханан бутт 3, 2017

Юккъерчу Азин шиъ къона вахархо ву Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш лоьхуш. Дийцарехь, цу шинан 20 шо герга хан ю. И шиъ шеконехь лору Питербухахь динчу эккхийтарна. Цул сов, низамхоша дийцарехь, эккхийтар дина хилла тарло Iожалхочо. Цуьнан дакъ ду байинчарна юкъахь, бохуш дуьйцу цхьадолчу хьостанаша.

Цкъачунна, вийнарг 11 стаг ву, лазийнарг 47 стаг, царах 43 стаг дарбанхIусамехь ву. Эккхийтар дан пайдаэцна хиллачу тротилан ницкъалла 500 грамм яра, аьлла дIахьедина низамхоша. Изза ницкъалла йолуш яра шолгIа эккхийтале хьалха полисхошна кара а кхаьчна, цара хIаллакьйинчу оьккхучу хIуманан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG