ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Австрехь нохчийн бераш дIадахарх лаьцна...


Австри -- Нохчийн бераш сурташ дохкуш ду Венерчу майданахь, Вена, 10.09.2012.
Австри -- Нохчийн бераш сурташ дохкуш ду Венерчу майданахь, Вена, 10.09.2012.

Нохчашкара Европерчу Iедалан хьукматаша бераш дIадахар кхин дIа а уггаре а лазамечех хаттар хилла лаьтта. ХьастагIа дукхачу нахана халонга а долуш интернетехула цхьана Австрерчу доьзалера ворхI бер дIадигар гойтуш видео яьржинчул тIаьхьа Европехь бехачу вайнахалахь иракара яьлла и тема.

Дела денна аьлча санна кхочу Маршо радионе, кхоъ, диъ, ялх бераш Iедало дIадаьхначу доьзалех костанаш. Къаьстина дукха бу иштта доьзалаш Норвегехь а, Австрехь а. Нагахь санна Норвегера Борневарн олуш йолу берашна Iуналла даран хьукмат йоллучу Европехь а вуно шога ларалуш елахь, Австрехь сел дукха бераш нохчийн доьзалшкара Iедало шен Iуналле дахаро дуккхаъ хаттаршна кхуллу. ХIун бахьана ду цу хиламан?

Бакъдуй, цхьаццаболчара ма-чIагIдара, Iедало юккъера нохчашкара бераш дIадоху бохург? Муха лардала деза да-нана, шайгара доьзалхо Iедале дIа ца ваккхийта?

Цунах лаьцна Маршо Радионе дийцира кхо бер Iедало дIадаьккхина, уьш цIадерзон гIерташ лелачу Венин вахархочо Бай-Iелас. Масех бутт бу цуьнан цхьа йоI, ши кIант, пхеа шарера 12 шаре кхаччалца долу, Iедалин Iуналлехь долу. Цкъа юхьенца шена а, хIусамнанна а гойтуш дацара уьш бохуш дийцира цу стага.

ХIинца кIирнахь цкъа мукъадийнахь шаьш долчу цIадахка пурба делла царна бохуш. Уьш Iедало дIадигаран бахьана – Бай-Iелас дийцарехь, - иза а, церан нана а официала кепехь дIасакъаьстина ларалуш ду, ткъа нана могуш йоцуш хиларна, цу берашна кхоччучу кепехь Iуналла дан цуьнан могашалла ца тоьу бохург хилла. Амма иза хилла а ца Iа.

Бай-Iела: „Дуьхьара уьш дIадигча тхоьга аьлла бахьана, со хIусамненаца кхеран низамашца дIасакъаьстина хилар ду, хIусамнана могуш йоцуш ю, цунна мичча а хенахь цхьаъ хилахь, берашка хьажа стаг хир вац, аьлла, иза дара. Юха цхьана дийнахь ас жимах волу кIант бере беша вигинчул тIаьхьа, соьга хаам бира иза а, ишколера важа ши бер а дIадигина, аьлла.

Вахана ас хаьттича, цара соьга аьлларг дара, цу беро бомба а, цIийш а долуш сурт диллина, иза цо хIунда диллина аьлла хаьттира соьга. Вай, дера ца хаа суна-м аьлча, шайна а ца хаьа элира, цхьаъ доцуш ца диллина цо иза аьлла. Юха 15 шо долчу сан воккхахчу кIанта маьждигехь ша Шема гIур волуш ву аьлла элира. Ткъа хIокхо-м ша иза ца аьлла боху“.

Шен къамелехь Бай-Iелас билгалдаьккхира, шена зеделлачуьнца,
хIусамдайшца официале дIаса а къаьстина, цхье -цIена доьзалш кхиош болчу я ларалучу зударшна къаьстина тидам бо берашна Iуналла даран хьукмато, бохуш.

Ша хIусамнена дIасакъаьстина хиларна иза уллехь накъост воцуш доьзалца ларор яц, могуш а ца хилча муххале а аьлла, шайн доьзал тидаме эцнера бохуш дийцира цо. Дас-нанас цхьа могIа кхачамбацарш дIадаьхчахьана шайн кхо доьзалхо цIаверзор ву аьлла бохуш дуьйцу Бай-Iелас кхин дIа а.

Бай-Iела: „Цара дийцарехь, сан хIусамнана ша ю боху, мичча а хенахь
цунна во хилахь, бераш шаьш дуьсур ду, тIаккха шайн уьш юха а дIадига
дезар ду, боху. ХIинца юха а уьш болчу чохь со дIа а вазвелла, бусалба
Iедалехь тхо цхьаьнакхетта юха а аьлла кехат а дохьур ду элира ас. И
кехат шайна ца оьшу бохур цара, со уьш болчу петарехь Iаш хила везаш ву элира“.

Шайна тIехIоьттинчу бохамехь уггаре а халаниг бераш сагатдар ду бохуш дийцира Бай-Iелас.

Бай-Iела: „ЙоIа пхьегIаш аьтта цигахь цкъа, ша цIаяхийта, бохуш. КIант
шозза ведда. Ас карийна юхавигира иза цига, сайна Iедало и бахьана долуш уьш цIадерзорехь новкъарло яр кхоьруш. ХьастагIа цIаеача и йоI йоьлхуш, шена цига дIаяха ца лаьа бохуш хала дIаяхана.

Цкъа хаам язбира йо тхоьга, ша шена тIе куьйгаш хьур ду кхузара ша цIа ца яхийтахь, аьлла. Хьаьдда вахана ас къамел а дина, варийлахь, ма леладелахь, бусалба динехь и саннарг мегар дац хьуна, аьлла. Иштта, жимма сатохийша, бохуш, цу берашка дехарш деш Iаш ду-кх тхо“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG