ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаевc Кадыровна делла жоп: "Хьайн Даймахкана ямартваьлла хьо"


Закаев Ахьмад

Къоьжа, гIеметтахIиттинчу божарийн тобано камерашна хьалха а хевшина, неIалташ кхийкхош, сийсазво шайн ваша. "Голубой-молубой" ву хьо, хьуна тIекхаьчначу минотехь шаьш са доккхур ду а бохуш, иза "къомана ямартваларна" шайна дагахьбаллам биссар леткъадо цара. И боллу нах - ца ваьллачу денна эмиграцехь вехачу, Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан цIийнах болу нах бу. Мел даггара ду цара далхориг? Уьш берриш а Нохчийчохь бехаш бу. Кху беттан 22-чохь цуьнан вежарий шайн хIусамнаношца, берашца, берийн берашца дIабигинера герзех боьттина баьхкинчу наха, ткъа шолгIачу дийнахь Кадыровна муьтIахь йолчу пабликашкахь Iораяьккхира, Закаев "аьшнашвен" видео.

Маршо Радионо ма-яздарра, бара царлахь, масала, ЗакаевгIеран ши ваша Iела а, Бувади а, цу шиннан зударий - Сацита а, Раиса а, иштта политикан цхьахйолу йиша- Зеза а. Цкъа хьалха бигина хиллера уьш Хьалха-Мартанарчу полицин декъе, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу, хетарехь, "нефтяной полкан" дозана тIехь латтийнера. Масех сахьтехь цигахь барт хиттина, цIа бахийтинера уьш видео дIаязъян.

Оццу дийнахь ЗакаевгIеран цхьахволчу вешин хIусамехь тIегулбинера боллу гергара нах, цигахь дIаязйира видео а. Оцу заманчохь церан цIенна гобинера полисхоша, ткъа видео кечъечу заманчохь дакъалоцуш хилла Хьалха-Мартанара даржхой - префектура а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан дакъа а, евзаш йоцчу тIеман структурера нах а. Бакъду, йа цаьргара а, йа Нохчийчуьрчу официалан хьаькамера а комментарий яккха аьтто ца хилира Кавказ.Реалиин.

"Ахьмад дIавахана цига, ЛГБТ-н векалаш бехачу меттиге, хIунда аьлча, иза ша а царех волу дела (кхин дIа дастам къамелаш до.- Редакцин билгалдаккхар.). И стаг тхуна оьшуш вац. Къомана а, пачхьалкхна а, доллу дуьненна а хууш ду, иза талхарх а, оцу агIор иза лелаш хиларх а. Тахана дуьйна и стаг тхуна улло вогIур вац. Тхайн аьтто балахь, оха къастор ду цуьнца дерг", - боху видео тIехь политикан вашас, Закаев Iелас.

Шен къамел дерзош олу воккхахволчу вашас: "ХIокху наха а ма-боххура, хьо ван а ву "голубой-молубой". Бакъду, ша буьйцурш хIу нах бу, кхин къаста ца до цо.

Амма кхета хала дац, оцу историна тIехьа лаьттарг мила ву. ТIаьххьарчу деношкахь Нохчийчохь юьхьарлаьцна ву Закаев, цунна дуьхьал йолийна кампани. Нохчийчуьра лаккхара даржхой дIакхетта цунах.

Видеокхайкхам баржабале масех сахьт хьалха социалан машанашкахь тIаьхьий-хьалхий зорбане йохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, хийцалуш воцчу Пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама а, мехкан парламентан депутата Ханбиев Мохьмада а дIаязъен видеороликаш. Церан къамелашка ладоьгIча мах хадабойла ду, "Цхьаллин Оьрсийчоь" партин декъашхойн дискуссин бараман.

Дастаме, сийсазе къамелаш до Кадыровс нохчийн маттахь, цхьадолу дешнаш, масала, "сучка", "петух" дешнаш гIазакхийн маттахь а олуш. ТIаккха Закаев Ахьмадан воIаршка лоь иза: "Шаьш нах елахь, цIа а дуьйлий, со ве [хIара къамел дарна]".

Даудовс дуьххьал дIа боху, Закаевн гергарчаьрга шайгга дуьйцуьйтур ду ша, "билггал иза хIу стаг ву".

"Хьайга цхьаъ хьожучу хенахь а, кхералахь, наб йоцуш хьайн дIаоьхур йолчу буьйсанийн а ойла елахь

Къаьсттина билгалваьлла Делимханов - Кадыровл хIуммаъ тIаьхьа ца висира иза къамелехь: изза "нIаьнеш", "котамаш" йийцира цо а.
Юкъа-кара кхерамаш туьйсура депутата: "Хьоьца мел доьзнарг, Закаев, - чIир, мостагIалла, - и дерриг а оха къастор ду хьоьца, цуьнан цхьа а шеко а яц. Нагахь санна, оха хIуммаъ дийр дац аьлла, хьайн цатешам хилахь а, милла хьуо волчу веача, йа ясакхан гIуллакхца, йа чуьра экъа хийца аьлла, цхьаъ вагIахь, хьайга цхьаъ хьоьжуш - айхьа лацахь, кхералахь, ойла йе наб йоцуш хьайн дIаоьхур йолчу буьйсанийн. Гуттар а дагахь хилийталахь уьш".

Нохчийчохь гIаьттинчух ша Закаевс доцца кхетадо: цунна хетарехь, республикан коьртехь болу нах, - "даймахкана ямартбевлла нах, къомана тешнабехке, коллаборанташ бу".
Политик тешна ву, и хIиттон суьрташ - Кадыровн а, цуьнан гонан шайггара лелар дац аьлла: "30-чу шерашкахь НКВД-н белхахоша лелийна кепаш ю, оццу барамашца гергарчарна тIеIаткъам беш, доцург дуьйцуьйтуш шайн стагана. Цара аьтто бора, тIаккха НКВД-н могIаршкахь хиллачара и нах хIаллакбора, царна яккхий хенаш еттара, я тоьпаш тухура. Изза методаш ю тахана Нохчийчохь шайн оппоненташца лелош ерш а. Ткъа оппоненташ бу, нохчийн суверенитетан позицехь лаьттарш".

Дукха хан йоццуш, Европехь бехачу Ичкерин агIончаша республика йозуш цахилар дIакхайкхийна 30 шо кхачарца доьзна конференци дIаяьхьнера. Закаевс бахарехь, цул тIаьхьа дIабигинера цуьнан боллу гергара нах. Уьш дIабуьгуш ши полк хиллера меттахъяьккхина - "нефтяной полк" олу эскархойн дакъа а, "Кадыровн полк" а.

"Дуьххьара "нефтяной полк" олучу базин дозана тIе бигинера уьш, цигахь Делимханов хилла бухахь. "Оха нах байина, бойуш бу, кхин дIа а хIаллакбийр бу. Тхо сацо да вац. Оха бохург аш ца дахь, изза кхоллам хир бу шун а аьлла цаьрга. Со ЛГБТ-н векал ву алар тIедожийнера царна. Ткъа иза нохчашлахь - эхье хIума ду", - аьлла, дийцина Закаевс.

Цул тIаьхьа политикан воккхаволчу вешин цIа бигинера уьш. "хIетахь цигахь хиллера "Кадыровн полк",- кхин дIа дуьйцу политико. - Автоматаш тIе а хьийсош, цхьацца чоьнашка дIасабекънера уьш: зударий шаьш, божарий шаьш. Охьа а ховшийна, шаьш ала мел баьхнарг дийцийтина хиллера оцу кепехь".

"Путинан кхерамаш - моттаргIанаш, йа ша ишта кхерамаш тийсар дац, доллу дуьненахь а шаьш дийр ду аьлларг деш схьабогIу уьш

Еккъа цхьа нохчийн проблема ю аьлла ца хета Закаевна, массарна а хезаш иштта нахалавахар.

"Со а, кхинверг а вуьйр ву шаьш бохуш, кхерамаш туьйсу Даудов а, Делимханов а, Кадыров а, Ханбиев а - уьш берриш а "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхой бу. Харжамашкахь тоьлла уьш. Уьш берриш а - "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" - юьхь ю. Ша цхьаъ схьаэцначу регионехь болу Путинан рожан а, цуьнан Iедалан а векалш бу уьш", - боху шен къамелехь Закаев Ахьмада.

Сагатдой Закаевс единороссаша тийсинчу кхерамашна?

"Хууш ма-хиллара, со Британин Iедалхоша Iалашвеш ву, - билгалдоккху политико. - Дерриг а хууш ду царна, сан кхерамзалла ларъечу цара терго латтайо цара мел дечу къамелашна тIехь, цара мел бохучунна дуьхьал богIу барамаш лелабо цара. Церан кхерамаш ас бегаш боцуш тIеоьцу. ХIунда аьлча, Путинан кхерамаш - моттаргIанаш, йа ша ишта кхерамаш тийсар дац, доллу дуьненахь а шаьш дийр ду аьлларг деш схьабогIу уьш. Билггал шаьш дендерг дуьйцу цара. Оцу хеттаршна гунахь Нохчийчохь хевшина Iийраш хилла ца Iа, туьйсучу кхерамашца бекхам бийр болу Оьрсийчоьнан структураш ю".

Йа Кремло а, йа "Цхьаалин Оьрсийчоь" партино а цхьана а кепара ца тидина Нохчийчуьрчу шайн векалша тийсина кхерамаш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуккха а хан йойу, цхьана заманчохь Ичкеригахьа хилла, шайн таханалера агIончаш тешо гIерташ, Оьрсийчоьно республика йозуш йоцуш хилийта къадийна идея цара шайн куьйгашца хIаллакйира, ткъа ша а, шен дас а къам керлачу тIамах кIелхьардаьккхина бохуш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG