ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедал хастош бен жоп дала аьтто боцу хаттарш ца деза Нохчийчохь


Мел жимачу хаттарна жоп карор халонга долу кхузахь могIарерчу бахархошна хьовха, махкахь дукха а, кIеззиг а бевзаш болчу кхоллараллин хьармахь къахьоьгуш болчарна а.

Масала сел чолхе а, бехке доцчу кху хеттаршна жоьпаш даларх ларлуш берш республикехь дукхе дукха карабо: Газеташ биста кхаччалц хаамийн гIирсашкахь шуьйра пайдаоьцург оьрсийн мотт стенна бу те? Хьо юртда хилча я цхьана министаран даржехь хилча, бахархойн аьттонна уггар хьалха хIун гIулч яккха йогIур теша? Низамхошка а, маьхькIамхошка а хьарамлонаш ца лелаяйта хIун дан догIур техьа?

Кхин кIорге йоцчу цу хеттаршна жоьпаш дала хIиттац дукхахболу махкахой. И тамаше хIетачех ву кху тIаьхьарчу шерашкахь Украинехь а, Казахстанехь а болх-некъ нисдина веха йохка-эцархо Митаев Руслан.

Митаев: «Суна схьахетарехь, ала ца хууш уьш хуьлийла а дац. И хетарг ала уьш стенна ца хIуьтту суна-м ца хаьа. Цхьа хаттар а делла цхьаъ дагаваьлча, суна моттарехь, сайна хIуучу кепара жоп ас-м лур дара. Бахьана хIун ду со ца кхета.»

Цхьаболчарна хетарехь Оьрсийчохь дан а доцуш,цунна хийра хIума Нохчийчохь а дац.

Ког баькх-баьккхинчохь Москвара дуьйна охьа таIзар деш ду шена хетарг гIардаккха воьлчунна а, Iедалехь болчарна лен воьлчунна а: вер-ваккхарш а нисдо,набахтешка а хьежабо.Кхузара сурт цхьаъ цхьаъ цунах тера деттало.

МогIарерчу нахана хIун хета? Цхьаболчара кхеторца политикаца боьзна боцу киг-мерза хиламаш тида а,церан хьокъехь шена хетарг дIаала а стаг шен «со» долуш хила везара. Ишта ойла йолчех ву СоьлжагIалин кIоштера вахархо Лалаев Леча.

Лалаев: «Цхьа кIадбоцчу хIуманах а стага шена хетарг цаалар суна иза оцу стеган шен вацар хета. ХIан хIинца со юртда я цхьа министар хилча ас хIара а,иза а дийр дара ала йиш йоцуш ву со? Бехке хIун ду цигахь? ХIан, оцу некъаца болчу низамхоша доцчу бахьаненна дIайоху машенаш.

Цара лелориг нийса ца хилча,низам цара шаьш талхош хилча, ас стенна ца олуш дара сайна хетарг? Цара лело харцонаш дIо-о лакхахь болчарна хууш а ма ца хуьлу,оха орца ца даьккхича!

Белхошкара ахчанаш дохуш хилла аьлла хIинцца хIинца дIаваьккхина цхьа буьйранча. Оцу белхоша и гIуллакх нахала ца даьккхинехь, цо лелайо харцонаш коьртах евр ярий, я и дIа а воккхур варий? Вацара! Иза шен дарж ехь хир вар-кх хIинца а. Дела реза хуьлда царна! Деза дер-кх шена хетарг ала!»

Iар-дахар карзахечу хиламашна генахь,синтеме дIадоьдийла лаьа дукхахболчу нахана. Цундела шайна хетачух байракх а йина, уьш пхьоьгIанашка ца буьйлу. Царех, хIумма а кIезиг йоцчу тобанах ю Соьлжа-гIалара Мадагова Тумиша.

Мадагова: «Нахана тийна-таьIна,шайна тIе пIелгаш а ца хьежадойтуш баха лаьа. Адам кхоьру. Аттаниг атта ду. Адамашна сингаттам а, ладегIам а ца беза. Валлай церан бехкка-м бац! Нахана кIордийна».

Шина тIамах бевлла вайнах Iаьбна бу дуьне-Iалам, кхетам Iадийна,цхьаъ вукхул ирча, Iожалла дебош,кхихкинчу хиламех. Кхузара, нахаца хьасане ваьлча къеггина гуш ма-хиллара, царна лаац цхьанцце а синтеме йоцу Iотта-баккхаме юкъаметтигаш хилийта а, гIуллакхехь болчаьрца девне бийлина шайн гергарчеран, беза-бевзачеран Iаткъаме ладегIам совбаккха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG