ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тоьках а, газах а долчу декхарх хьалхабовла ца туьгу Нохчийчуьра бахархой


.
.

Къилбаседа Кавказан мехкашкахь, еккъа цхьана тоьках долу декхар 23 миллиард соьме хьалакхочуш ду. Уггаре а баккхийчу барамашкахь ахча дIа ца луш йолу регионаш ю Нохчийчоь а, Дагестан а, ГIалгIайчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а.

Царах хьалхарчу меттехь Нохчийчоь ю 9 сов миллиард сом декхарца, цул тIаьхьа ю Дагестан -- 7 миллиард сом, цул тIаьхьа ю ши миллиард сов декхарш долу ГалгIайчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а. Хаамийн гIирсашкахула цунах лаьцна дIахьедар дина «МРСК» олучу регионехь ток латточу урхаллан куьйгалхочо Зайцев Юрийс.

Нохчийчохь Iедалша коммуналан декхаршца тIом бу дIахьош даима а.

И хаам цо бина дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан Iедалан вице-премьерца Хлопонин Александр а волуш, дIаяьхьначу кхеташонехь. Цигахь дийцина кхолладеллачу хьолах хьалхадовларан некъаш. Мах тIетоха беза, аьлла хета оцу даржхошна, хIунда аьлча, тарифаш дукха лахара йолун дела дистина оцу барамехь и декхар.

Нохчийчохь коммуналан декхаршца тIом даима дIахьош бу. Массо а тIегIанехь: балхахь а, доьшийлашкаь а, маьждигашкахь а, берийн бошмашкахь а дуьйцуш ду шен хенахь ахча дIа ца далар мел кIоршме хIума ду аьлла. Цундела яьккхий рагIанаш хуьлу иза дIаоьцучу меттигехь. Ша а, шен юьртахь дукхачу наха а дIалуш ду шен хеннахь аьлла, дийцира Грозный кIоштарчу вахархочо Саралапов ВахIида.

Суна-м ца хаьа оццул даккхийн декхарш мичара девлла нахана. Ша цхьанха къайлахь ягош ерг нахана тIеязйеш яцахь.

Саралапов: «Кхузахь-м ду и ахча массара а дIалуш. Со а веккъа лаьтташ ву иза даима а дIалуш. Дукха наха дIалуш ма ду. ДIа ца делча вуьтуш ма вац кхара. Балха схьаоьцуш а вац. Хьан декхар далахь балхара дIа а воккху».

Махкахь коммуналан декхарш тIехссов барам болуш хиларх цецволуш вац Шелан кIоштера вахархо Саидов Мансур.

Саидов: «ДIа ца луш а бу хьуна шортта. Маьждигехь а ду иза шортта дуьйцуш, дIалахьара аш, иза дIа ца делча лоттуьйтур яц бохуш. ДIа ца делча хир ду дера декхар. Дукха хан йоцуш тхан юьртара газан урхаллера белхахо вара лелаш.

Лулара цхьанна 300 эззар сом ду. Вукху лулахочун 30 эзар сом ду. Шел яларца газ а, ток а дIахадо йолор ю. Сайн доцийла-м хаьа суна декхар. Ас ахча кара деъча 5-6 эзар сом охьадуьллу, коммуналан хьашташна олий. Иза меттах а ца доккху».

Кху тIаьхьарчу массийта шарахь, пачхьалкхан галъялла экономика айъян кхин некъаш ца карийна массо а хIуман мехаш тIетохар бен. Шайна тIера цIока-м йоккхур ю, амма иза чакхе а йоцуш хила йиш яц. Йоцучуьнгара яьккхалур яц цIока, бохуш кхин дIа а дийцира Саралапов ВахIида.

Саралапов: «Суна-м ца хаа оццул даккхий декхарш мичара девлла нахана. Ша цхьанахь къайлахь ягош ерг нахана тIеязйеш яцахь. Ткъа, бIоьзза цара мах тIетоьхча, и декхар жима долчу хенахь а дIадала аьтто хилла ца хилча, цо мичара лур ду иза?».

Къилбаседа Кавказера коммуналан хьашташ дийцаре динчу кхеташонехь сацам бина, регионехь тарифаш нисъян леррина комисси кхоьлла еза аьлла. Мехаш охьадахар дуьйцуш дац, уьш тIетохар бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG