Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхара кхел реза ца хилла президентан харжамийн жамIаш хийцар доьхуш Техас штато кховдийна, ткъа 17 штато а, президента Трамп Дональда а гIортор йина лехам листа.
Техасан тоъала бакъонаш яц кхечу штаташкахь кхажтасаран процедура хийцийта, аьлла сацам бина кхело. Оцу сацамехьа кхаж тесна 9 суьдхочух 7-мма, шайна юкъахь Трампа оцу даржашка хIоттийна 3 суьдхо а волуш.
КХИН А ХЬАЖА: Трамп Дональдан дахделла дIасакъастарЛехаман авторша тIедожадайта лууш бара "къовсаме штаташкахь" – Джорджияхь, Висконсинехь, Мичиганехь а, Пенсильванехь – харжамийн жамIаш тидаме ца эцар, харжамхойн коллегин 62 кхаж юкъара а боккхуш.
Республикан партин векашла чIагIдо оцу штаташкахь харжамийн жамIашна Iаткъам бина хила мега, цигахь коронавирусан эпидеми ю аьлла почтехула кхаж тосуш харцонаш лелорна, бохуш. Оцу еа штатехь, кхаьжнаш дагардаран жамIашца толам баьккхина лоруш ву демократ Байден Джо.
КХИН А ХЬАЖА: Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралла: харжамашкахь харцонаш лелла яцЦигара жамIаш тидаме ца эцча, Байденан тоъал кхаьжнаш хир дацара ГIуран-беттан 14-хь президент харжа везачу харжамхойн коллегин. Байданна кхаьжнаш дIадала мега оцу коллегин 306 декъашхочо, Трампана кхочур бу 232 кхаж.