Аргентинин президент Фернандес Альберто изоляцехь ву коронавирус кхетта хила тарлучу шеконца. Хьалхо Оьрсийчоьно кхоьллина "Спутник V" вакцина тоьхнера цунна.
КХИН А ХЬАЖА: Чехин президента могашаллин министр даржера ваккха аьлла "Спутника V" бахьанехь62 шо долчу политика шен твиттерехь яздина, сарахь гIеххьа лакхаяьлла температура яра, корта а лозура шен, циндела ша тетстах чекхвала сацамбира, аьлла. ХIинца ПЦР-диагнозо хьал дуьззина билгалдаккхаре хьоьжу иза.
КХИН А ХЬАЖА: Зеленский: «Спутник V» вакцинаца эксперименташ лелайойтур яц украинхошна тIехь, уьш пхьагалш яц"Спутник V" вакцина къобалйинчу хьалхарчу пачхьалкхех ю Аргентина. Вакцинин хьалхара маха Фернандеса тохийтина шена Дечкен-баттахь, махкарчу регуляторо 60 шо сов хан кхаьчначу нахана иза тоха магошшехь.
КХИН А ХЬАЖА: Оьрсийчуьра коронавирусана духьал вакцина эца дагахь яц ТуркойчоьВакцина яржош официалехь лелочу твиттерехула жоп делла президентанна, халахета иштта нисделла, аьлла, дагадаийтина молха кхоьллинчу говзанчаша коронавирус кхетарг цахиларх 91,6% бен гаранти луш йоцийла, амма иза атта ловриг хилар 100% ду аьлла.