Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан зударех лаьцна шаьш бина талламаш Iорабаьхначул тIаьхьа "Проект" интерннет-ресурсна DDoS-атакаш йолийна. ГIирсан коьртачу редакторо Баданин Романа яздина цунах лаьцна шей фейсбукехь, хаам бо "Дождь" телеканало.
Цкъа а а хиллачу кепара шайна хакерийн тIелатарш ден шолгIа де а ду аьлла Баданина. Дукхахболчийн "Проектан" сайт халла бен еллалуш яц.
КХИН А ХЬАЖА: Стенна къайлаяьхьна КадыровгIара Москвара шайн пентхаусаш? Даржаш охьадахкийта тарло цаьрга"Кху деношкахь Кадыров Рамзанан къайлахчу дахарх лаьцна бинчу талламан турпалхоша вовшахтоьхна ду тIелетарш олийла ду тхан. Дечу хакерийн тIелетаршца цхьана аьрзнех юзуш ю YouTube а, TikTok а, оцу платформашкахула материал зорбане ца яьккхийтархьама, - яздина Баданина.
Иштта цо чIагIдарехь, коьрта сайтан зорбане хIоттийна ца Iаш, арахьарчу доменехула а яржийна цара талламбарх материал.
Карладоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а, цуьнан хIусамнанойх а лаьцна шаьш бина таллам "Проекто" бовзийтира кху беттан 7-чохь. Оцу тIехь дуьйцура, Нохчийчоьнан урхалхочун ши зуда хиларх а, цу шиннан а цIартIехь 800 миллион соьмана бахам хиларх.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн хьал 20-зза дебна цхьана шерачохь"Проект" гIирсо Нохчийчоьнан куьйгалхочун зударийн доларчу бахамах лаьцна бинчу талламах маса жоп дала аьтто ца хилла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаран Песков Дмитрийн.
"Бакъдерг дийцича, суна ца евза и материал, цундела дала жоп дац сан. Ца хаьа суна, и хIун таллам бу а", - аьлла, жоп деллера Песковс, журналисташа шега цунах лаьцна хаьттича, яздира ТАСС агенталло.
Жоп далале хьалха, бинчу талламах лаьцна хаа деза шена аьлла пресс-секретаро. ТIедогIучу еарин дийнахь, Охан-беттан 8-чохь, жоп лур ду аьлла, дIахьедира Песковс.