Берашна дуьхьал цуьнгара хIусам йаккха гIиртина Минцаеван хилла хIусамда - бакъонашларйархой

Минцаева Билкъис

Нохчийчохь лаьцна хиллачу Минцаева Билкъисан хIусамда цуьнан Новосибирскера петар схьайаккха хьийзаш хилла. И хIусам шен дола йоккхург цо дош делла хилла, ши йоI цуьнца ша къуьйсур йац аьлла. Ала догIу, Минцаева лацаран бахьана а дара, цуьнан хиллачу цIийндас иза полицига дIайалхор, цо йоI шегара лачкъийна дIайигина аьлла.

Минцаева полицихь латточу йукъанна цуьнан петаран бакъо шена йерзо Дельмуханов Судим гIертарх дIахьедина "Нана йоцу Кавказ" проекто. Иштта цара баркалла аьлла, оцу гIуллакхна йукъагIоьртинчу Оьрсийчоьнан парламентан депутаташна Горячева Ксенина а, Останина Нинина а. Цара бакъоларйаран органаш декхаре йинера, Минцаева йолу меттиг билгалйаккха.

"Церан апраратца зIенехь ду тхо, и зударий шаьш леринарг тесна дуьтур долуш бац, уьш ца Iехало "Грозный" ЧГТРК-с хIитточу суьртех. Шен-шен хеначохь толлур йу Билкъисан хьокъехь ницкъахоша а, хьаькамаша а лелийна харцо. Шайн даржашкара дIабохур болуш бу цхьаболу нах а", - билгалдаьккхина проектехь болчара.

Минцаева йехаш йара Новосибирскехь. Хьалхо цо Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре орца дехнера. Ша дIайазйинчу видео тIехь цо дийцира, ши шо хьалха шен хIусамда хиллачо лачкъийна шен нана йолчуьра дIайигинера шен ши йоI аьлла.

ТIаьхьо кхело жимахйерг деца йитира, йоккхахйерг ненаца. Охан-беттан 6-чохь цIа йеара Минцаева, жимахйолу йоI ган. Цо аьлла хиллера, шен чIогIа са хьийза нанна а, вукху йишина а. Минцаевас тIаккха шеца Новосибирске дIайигира иза а. Цул тIаьхьа берийн дас полици дIахьедира, шен йоI лачкъийна аьлла.

"Нана йоцу Кавказ" бакъонашларйаран проектан куьйгалхочо Михальченко Лидияс ма-дийццара, Минцаева цIа йерзон Iалашонца, кхерамаш тийсинера, цуьнан ваша Украинерчу тIамтIе вохуьйтур ву шаьш бохуш, иза а хиллера полицин декъехь латтош.

Стигалкъекъа-беттан 28-чохь Минцаева лаьцначул тIаьхьа дуьххьара видео гучуйелира, цу тIехь цо бохура, ша могуш-маьрша йу. И видео шен телеграм-каналерчу агIоне хIоттийра иштта мехкан вице-премьер волчу Дудаев Ахьмада а. Видеона бухахь йаздина дара, "шаьш журналисташ, бакъонашларйархой а ду бохучу жухаршна делла жоп ду и".

Берашна тIехула лаьттина дов дирзина, доьзал цхьанакхетта аьлла, дIахьедина Нохчийчуьра журналисташа меттигерчу "Грозный" телеканалан сюжетехь. Лаьцначул тIаьхьа цунах хилларг а, шен цIийндега йуха йаа цуьнан ойла стенна хилла а, хууш дац. Бакъонашларйархошна хетарехь, Минцаева телехьожийлехула гайтарх, иза маьрша а йу, цунна кхин дIа кхерам а бац, олийла дац.

  • Къилбаседа Кавказера зударий цIера бовдаран коьртачех бахьана ду- хIусамдас, йа марзхоша тIехь тIух сов Iуналла латтор, иштта ша берех йаккхарна кхерар а. Къилбаседа Кавказехь доьзалехь ницкъ беш хиларх лаьцна Ad Rem тобано 2025-чу шарахь хIоттийначу рапортехь дуьйцу шелтерашкара берхIийтта шерашка бовланза кхиазхой лечкъорах, наной лаца кхайкхорах, уьш талламан изоляторшкахь латторах. Ткъа Нохчийчуьра а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а зударша, шайн цIийндайша шайна кхерамаш туьйсу бохуш, ден аьрзнаш, мелхо а тергамза дуьту бакъоларйаран органаша.
  • Соьлжа-ГIалин шина йахархочунна йиттинчул тIаьхьа латархойн "Ахмат" клубан хилла декъашхо Юнусов ДжихIад Украинана дуьхьал тIом бан вохуьйтуш ву. Цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина хиллий а, хууш дац. Хьалхо Нохчийчоьнан Iедалхоша чIагIо йинера, "цунна догIу таIзар дийр ду" аьлла.