ФСБ-но дIахьедина, Американ дехарца хакерийн REvil тоба йохийна дIаяьккхина шаьш аьлла

Федералан кхерамазаллин сервисо дIакхайкхийна, цхьамоггIа яккхийчу америкахойн компанешна атакаш йина REvil хакерийн тоба йохийна дIаяьккхина шаьш аьлла. Тоба а, цуьнан инфрасруктура а хIаллакйина, декъашхой бехке бина кредитан харц картанаш дарна, чIагIдо лерринчу сарвисехь. Стохка Товбецан-баттахь Оьрсийчоьнан а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а президенташа Путин Владимира а, Джо Байдена а дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа гучура дIаелира и тоба даркнетехь.

REvil евзаш яра дуьнентIехь уггар яккхийчерах йолу хакерийн тоба санна. Коммерцин атакаш еш яра иза, компанешкара ахча доккхуш информаци хIаллак цайийриг. 2021-чу шарахь цуьнца юьйзира иттаннаш эзарнаш компанешна, шайна юкъахь Colonial Pipeline Американ биргIанаш тосу компани а, дуьнентIехь а йоккха жижиг духку Бразилин JBS компани а йолуш, йина атакаш. И бахьана долуш кIиранна шен биргIанийн машанан болх а сацийна, хIакершна биткоинашкахь 4,4 миллион доллар дала дийзира Colonial Pipeline компанин.

КХИН А ХЬАЖА:

Америко 10 млн доллар кхайкхийна DarkSide тобан лидерех лаьцна хаамбинчунна

Товбеца-баттахь (июль) Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало мах балар кхайкхийра 10 миллион доллар гергга барамехь, кхечу пачхьалкхаша де а аьлла, америкахойн объекташна тIелетарш дина киберзуламхой болу меттиг каро гIо динчунна.

КХИН А ХЬАЖА:

ХIакерша шпионийн программаш хIиттийна WhatsApp-хь

Американ лерринчу сервисаша масийттоза дIахьединера REvil тоба Оьрсийчуьра болх беш хиларх лаьцна. Иза дIачIагIар тIедожийнера Путинна президента Джо Байдена.

Стохка Лахьан-баттахь Британерчу Daily Mail газето чIагIдора, оцу тобан лидер ву боху Полянин Евгений Барнаулехь вехаш ву бохуш. Американ ФБР-н (FBI) сайта тIехь и стаг хIинца а лоруш ву лехамехь, иза лаьцна хиларх цхьа а хаам бац.

ФСБ-но бинчу хаамехь чIагIдеш ду, оцу тобан декъашкара 426 миллион сом а, 600 000 доллар а, 500 000 евро а, ткъа иштта техника а, премиум-классан 20 машен а яьккхина хилар. Лецнарш муьлуш бу дуьйцуш дац. ФСБ-но дIахьедина операцин жамIаш Вашингтонна довзийтина шаьш аьлла. Американ коьртачу гIалахь оцу хааманна комментари йина яц.