ХIинжа-гIалахь йийна 56 шо долу палтуьйсург. Хьалха цунна кхерам тесна хилла гранатица

MAKHACHKALA / Махачкала

ХIинжа-гIалахь йийна 56 шо долу палтуьйсург Джалаева Шовкат. 12-зза урс тоьхна цунна. Зудчуьнан дакъа карийна цуьнан хIусамдена цIахь Загородная урамехь. Йийна хилла иза ГIура-беттан 11-хь шен хIусамехь, амма хIицца бен ца хиъна цунах лаьцна.

Видеотидаман камерша дIаяздина, Iуьйранна Джалаева туькана яха араялар. Оцу маьIаргонна цунна тIевоьду юккъерчу дегIехь волу башлакх йолу Iаьржа куртка йоьхна стаг. Туьканара цIайогIу зуда, цул тIаьхьа кхо минот яьлча, оцу хIусамера араволу, къайлаваьлла изза стаг, яздо Кавказ.Реалиино, РИА "Дагестанна" тIе а тевжаш.

КХИН А ХЬАЖА: Дагестане "хIума хуучу" зудчунна тIевахана вогIу ши стаг лаьцна Нохчийчохь

"И веънарг билггал цхьа псих хилла. ЛортIехь волчу стага иза дийр дацара. Иза евзаш хилча.. мел дукха нахана цо гIо динера, мел дукха дика динера!.. Цхьанна а цхьа а вониг ца динера цо", – даладо РЕН ТВ канала йийначуьнан кIентан дешнаш.

КХИН А ХЬАЖА: КIира: Кадыровга орца доьху, зудчух летта нохчо набахте хьажийна, "хIума хуу" зудчунна тIе баханарш лийцина Нохчийчохь

Муьлш бу цахуучу наха масех шо хьалха аьллера Джалаевага палтасар дита аьлла. 2013-чу шарахь, цуьнан цIанна тIе и кхерам тосуш йоза тIехь долу кехат латийнера гранатица цхьаьна. Джалаеван кIанта дийцарехь, оццу шарахь цуьнагара ахча даккха гIерташ нах бевллера, кхерамаш а туьйсуш.

КХИН А ХЬАЖА: Пал тасийта лелачу зударийн тоба Iораяьккхина жинаш лелхочу Iеламчас Эльжуркаев Адама

Талламан версица, Джалаев йийнарг хила мега цуьнан дуккха а болчу клиентех цхьаъ. Зудчуьнан цIахь карийна цо "болх беш" хиллачу нехан суьрташ.