Нохчийчуьрчу кхин а цхьана вахархочо дIахьедина, махкахь шена ницкъбарх ориентаци бахьана долуш

Гайтаман сурт

Ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш, 2019-чу шарахь ша полисхоша лачкъорах дийцина Нохчийчуьрчу кхин а цхьана вахархочо, хаамбина цунах лаьцна "Кавказский узел" интерент-ресурсана тIетевжина Кавказ.Реалиино (Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьарчу агентийн" могIаре язйина гIирс.- Редакцин билгалдаккхар).

ЦIера ведда хилла Iазап хьегнарг, амма полисхоша лаца а лаьцна, бутт гергга хан яккхийтина цуьнга ларми чохь. Денна етташ хилла цунна, хIара саннарш (ЛГБТ-н векалш) "дийна бита ца беза" бохуш. Цул тIаьхьа ницкъахоша гергарчаьрга дIавелла хилла жимстаг, цуьнан ориентацех лаьцна вежаршка дIа а дуьйцуш. Шен гаргарчара ша верна кхоьруш, республикера веддачу цо, Орсийчоьнан ЛГБТ-машане" орца дехна хилла.

Сиха орца кхачочу "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанан" тобанан хиллачу проектан кризисан "СК SOS" группан куьйгалхочо Истеев Давида Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, оцу стага шайга гIо дехарх.

"Программехь йоккхучу цIарца "Алик" (псевдоним ю иза, билггал йолчу цIарах къаьсташ. - Редакцин билгалдаккхар) хилла тхо долчахь шозза, шоззе а дуьхьало ян дийзира тхан цунна, хIунда аьлча, маларца воьзна вара иза, ишта кхерамзаллин бакъонаш ца ларйора цо. Амма стаг оха цкъа а Нохчийчу юха ца хьажаво, цуьнгара ледарлонаш йийлахь а", - кхетийна къамел динчо.

Дуьххьара цо шайгара гIо дехча, Краснодаре дIаваха аьтто бинера цара цуьнан, ткъа стохка аьхка юха а орца дехнера цо, арахь виссина ша - "цхьахволчу доттагIчуьнца ийгIина ша" аьлла.

"ШолгIа а тIелецира оха иза. Нижний Новгороде дIахьажо сацам бира. ГIо дира цига дIакхаьчначул тIаьхьа дIатарлуш а. Хьалхарчу дийнахь дуьйна юха а къаьркъа муьйлуш, васталуш а ца хиллера иза. КIиранах хьийзира иза меттавалон, кхин цунах гIуллакх ца хилира", - дийцина бакъонашларъярхочо.

Истеев Давида билгалдаьккхина, шайга гIо дехнарг Оьрсийчуьра эмиграци ян мегачех цахилар. Дуьххьара даьцначул тIаьхьа, иза лоьхуш ца леллера, цундела пачхьалкхехь вита магочех вара иза.

"СК SOS" тобан кхечу белхахочо тIетуьйхира, цуьнца къамелаш дан а гIиртира шаьш, малар дуьтуш гIо дийр ду а бехира, амма хIетте а "къаьркъа а молий, кавказхошца самукъадаккха дIавоьдура иза, гергарчара кхин лоьхуш а вацара" аьлла.

ТIаьххьарчу шина беттачохь кризисан тобане гIо дехна Къилбаседа Кавказерчу регионашкарчу халачу хьелашкахь нисбеллачу ЛГБТ-н 528 векало. Царех 258 республикера арваьккхина, 296-нна тховкIело елла.

Хьалхо Евробертан санкцийн тептаре бехира Нохчийчуьрчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера нах, ЛГБТ хьийзорна а, меттигера бахархой кхел йоцуш байъарна а. Делахь а, цхьаболчу эксперташа мукIарло дира, оцу кепарчу таIзаро пайда бохьур бац аьлла.

Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло дуьхьало йира Соьлжа-ГIаларчу номер 1 йолчу СИЗО-хь ницкъ барна а, еттарна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш даха. СИЗО-хь латточу шина вешо - Магамадов Салехьа а, Исаев Исмаила а латкъам бира шайна тIехь сийсазалла лелорна. Бакъоларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьарчу агентийн" статусе язйина "Мемориал", амма организаци цунна реза ца хилла. -Редакцин билгалдаккхар) центро политикан тутмакхаш лерина ши ваша.