Нохчийн блогера Кадыров бехке вина шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна

Халитов Хьасан

Туркойчохь вехачу нохчийн оппозицин блогера Халитов Хьасана бехке вина Нохчийчоьнна коьртехь волу Кадыров Рамзан, ницкъаллин структурийн белхахо хиллачу Арсанукаев Ахьмадан гергарчаьрга шен доьзална чIир кхайкхор вовшахтохарна.

КХИН А ХЬАЖА: Шина доьзале чIир хьейина Нохчийчохь. Стенгахь ю Кадыровс вовшахтоьхна маслаIатан комисси?

Гезгмашин-бутт болалуш Арсанукаевн гергарчу наха дIахьедира, Халитовс, шайн стаг а, цуьнан хIусамнана а, цхьа шо долу цаьршина йоI а юьйр ю аьлла, кхерам а тесна, видео дIаязъяйтина цуьнга нохчийн ницкъаллин структурийн белхахой сийсазбеш.

"Ахь и спектакль хIоттийна, нагахь хьан наха со вехь, хьо оцунна декъа вац, оцу наха вовшашца къастийна гIуллакх ду иза ала". – боху Халитовс шен видеона тIехь.

КХИН А ХЬАЖА: "Кадыров а, со а ши мостагI ву". Нохчочо дуьйцу шен гергарчарна гIело ярх

Цо иштта дийцина, шен 80 шо кхаьчна да, дIа а вигина, хьайн кӀант тӀе ма эца бохуш, дийнахь-буса лаьцна латтийна хилар. Халитовс чIагIдо, ша волу меттиг ша къайлаяьхьна ца хилар. Кадыровга кхайкхам бина цо, шен гергарнаш Iад а битий, шеца юкъаметтиг къастае аьлла.