«Олхазарийн дуьне - сан дуьне»

Гелагаев Сайд-Мохьмад.

Олхазарийн дуьненах кхетахь, адамийн дуьненахь даха  атта хира ду адамашна аьлла тешна ву Нохчийчуьра вахархо.

Дукха бац нохчашна юккъахь цIенна нохчийн мотт хууш а, иза буьйцуш а. Оьрсийн матера Iаткъам лайна цо. Цу тIехь юьйцу дукхачу хIуманийн цIераш. Олхазарийн цIераш-м юьйцийла а дац. Муьлхачу олхазарах хьоза олу хIинца нохчаша. Йовш йолу и цIераш гул а йина жайна арахенцачу Iилманча волчу а вахана, цуьнца къамел дина Султанов Ахьмада.

Бийцина а, хестийна а ца валлал, хаза, беркате бу Даймохк. Тайп-тайпа дитташ долу хьаннаш ю, аренаш, лаьмнаш, цхьа тамашийна хазчу куьцехь латтош, зевналла яржийна татолаш, аьхканаш ду, куьзга санна, сирла тулгIенаш тIома а йохуш; чухьаьжча, юьхь-сибат а гуш, бухдуьйлу шовданаш а ду. Экаме Iаламо буьйцучу хазчу матах кхета вай. Иза вайн Нана-Даймехкан мотт бу.

Некъаца воьдуш-вогIуш, гIелвелла диттан кIел охьахиъча, цуьнан гена тIе олхазар хуу. Цо шен дагар дуьйцу зевне аз дагах а хьерчош. ТIаккха а ойла йоьгIу юха а, ма хаза бу-кх хьо Даймохк.

«Олхазарийн дуьне-сан дуьне» цIе йолчу жайнан тIера йоца кийсак ю хIара. Цуьнан автор ву Гелагаев Сайд-Мохьмад. 2007 шарахь зорбане баьккхина цо бераллера схьабахьчу олхазаршка безамах и болх. Тахана халахеташ делахь а, шуьйрачу юккъараллехь бевзаш а бац иза. Лаккхарчу доьшийлашкахь а, ишколашкахь а дIасадекъна жайна.

ТохIзар, сийна шоршал, сихIсардиг, хаьшталг, зарзар, жазлаг, зевзалг, луьли... Ша ерриг 230 олхазарийн цIераш, церан амалш а, сибаташ а дуьйцуш, нохчий маттахь ялош ю автора. Царах дукхахъерш евзаш а яц нахана. Олхазарш лело Гелагаев Сайд-Мохьмад волавеллера дукха жима волчу хенахь, Казахстанехь. Лулахь вехачу оьрсийчуьнгара марзделла бохуш дийцира цо Маршо радиога.

Гелагаев: «Олхазарийн дуьне сунна марздинарг вара дядя Саша Усков. Ког а боцуш тхан лулахо вара иза. Цо масийтта олхазар делира суна, оьрсийн маттахь щегол олуш долу. Цу тIера волавеллера со».

Казахстанера цIадирзича, дахар хала хиллехь а, олхазаршца йолу уьйра дIа ца хаьдда Гелагаев Сайд-Мохьмадан. Мелхо а да тIе а тайна, царна кертахь меттиг а йина лелийна цо уьш. Оцу хенахь волавелла иза нохчийн маттахь йолу и цIераш гулъян. Хала дара, дукхачу нахана дага а ца йогIура уьш. Я хьуьнхахь, я даьккхинчу суьртаца гойтуш карлаяхна ша, элира Гелагаев сайд-Мохьмада.

Гелагаев: «Вай цIадаьхкинчу хенахь сан дас кертахь уьш лело дика меттиг тайинера суна.Тхан лулахоша олура цуьнга, хьо дешна стаг ма ву, хьайн кIанте и олхазарш гуран чу а доьхкина, уьш цуьнга хьийза хIунда дойту ахь? Къа ма ду церан. Къа ду,нагахь санна лела ца дахь,меца а дитахь. Хьажал, котам, бад, гIаз, москал а, цIахь лела а еш, яа а юуш мА ю. уьш а ма хила цхьана хенахь акха, олий жоп лора цо. Хала дара чIогIа церан цIераш лаха».

Гелагаев Сайд-Мохьмад хан дукха воккха ца хиллехь а, олхазарийн дуьненахь дукха хIума хууш хилар шайна билгалдаьлча, иза юккъеваийтинера Соьлж-ГIалахь хиллачу «Олхазарш дезачеран юккъаралле». Ала догIу, цул хьалха а, я цул тIаьхьа а цхьа а нохчи ца хилла цу юккъахь. Цу юккъе схьаоьцуш экзамен тайпа хIума хиллехь а, Сайд-Мохьмада дукха ца Iаш хаийтина ша Нохчийчуьрчу олхазарех зеделларг вуйла.

Гелагаев: « ЦIеркIужалг олуш долу олхазар, оьрсийн маттахь «красношапочный вьюрок, бирюзовый чиж) вай цIахь дац элира соьга, со оцу цхьанатохаралле вахча. Ас ду элира. Ца тешаш соьца баьхкира уьш. Ас гайтича чIогIа цецбевлера, нохчий дIабохийначу хенахь, шаьш массо а меттехь иза лехнера аьлла. -Тхо дIадохийча, халахетта дIадахана хилла уьш.Тхо цIадирзича-схьадаьхкина хила там бу-, элира ас цаьрга.

Шелъелча Къилбехьа дIа ца доьлхуш дисинчу олхазаршна IаьнтIехь хала хуьлу мацаллийца а, шелонца а. Оцу хенахь уьш гуттара а улле гIерта адамашна. Ша дешаран министраллехула айдинера, олхазаршна IантIехь гуьйш охкар дешархошна тIедожадайта. Амма цуьнца бала болуш стаг ца карийра шена боху олхазарех дог лозучу Гелагаев Сайд-Мохьмада.

Гелагаев: «И бенбойш хьалаохка езаш яра царна. Хьалха ухкура уьш. Со школехь директор волчу хенахь ухкура. Кхузахь оьрсий болчу хенахь массанхьа яра. ХIинца а ас балкон тIе юьллу царна мохь а, дум а, чоьрпан тIера чоп а. Царна хьоналла оьшу IантIехь. Шайна иза ца хилча, цара шайла гIийла олхазаран коьртах зIок еттий, цуьнан хье дIабуу. Нахана ца хаьа иза».

Нохчийн ономастика теллича а хуур ду вайн къомо мел лоруш хилла олхазарш а, дийнаташ а. Берашна церан цIераш а тохкуш хила: Човка, Леча, Куьйра, Моша, Маккхал, Хьоза, Алхаз, Олхазар, Селасат, Конда.

Олхазар а, экха а ша вала а волуш ден мегар дац. Иза даг чу диллина ла...