Сталина къам махкахдаккхар дагалацар, никъаб лелор къийсар. КIиранан жамIаш

Дагестанехь къам махках даьккхина де дагалацар

Нохчий, галгIай цIерабаьхна 82 шо кхечи, Казахстанан Iедалша Мовлаев шайн махкахь вуьту, Оьрсийчохь йуха а къуьйсу никъаб. Цунах а, и доцчух лаьцна дуьйцур Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь аса, Эрсно Казбека. Маршалла ду шуьга!

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Your browser doesn’t support HTML5

Никъаб лелорна Оьрсийчохь гIуда тоха дагахь бу

Сталина къам махкахдаьккхина 82 шо кхечи

Чиллан-беттан 23-чу дийнахь 82 шо кхечи Сталин Иосифан омраца нохчий а, гӀалгӀай а Йуккъерчу Азе дIабахийтина. ГIалгIайчохь репрессеш лайначу нехан иэс официалехь дагалецира, ткъа Нохчийчохь цу денна лерина арахецначу публикацешкахь Iедалехь болчу хьаькамаша и де хьахийна ца Iаш, хастийра Кадыров Рамзан а, цуьнан да а шайн синош ца кхоош нохчийн къам хIаллак ца дойтуш, кIелхьарадьаккхина цу шиммо аьлла. ЧIагIдора, хIинца маьршачу Нохчийчохь хӀора стеган бакъонаш а, маршонаш а ларъйеш йу, иза дуьххьара Нохчийчохь президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан а, цул тIаьхьа куьйгалле веанчу цуьнан кӀентан Рамзанан а беркат бахьана долуш ду бохуш.

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчий къинтIера баьхний Оьрсийчоьно?

Иштта посташ йазйинчех ву Нохчийочьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам а, республикин вице-премьер а, зорбанан министр волу Дудаев Ахьмад а, Нохчийчуьра некъан полицин куьйгалхо, мехкан урхалхочун йишин кӀант -Черхигов Идрис а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лерринчу полкан буьйранча Чалаев Замид а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо къам цIерадаккхарх лаьцна пост хIоттийра шен телеграм-каналехь, халкъо ша стенга дуьгу а ца хууш, лайначу бехачу некъах, оцу некъахь хIаллакхиллачу къанойх, зударех, берех лаьцна билгалдоккхуш. Бохура, цу хиламех йаздина дукха ду, амма лайначу бохамах кIорггера, кхачам боллуш дийца ницкъ бац аьлла.

Политикан репрессеш лайначийн сий деш хIоттийначу Соьлжа-ГIаларчу хIолламна хьалха гулбеллера Iедалан а, динан а векалш, йукъараллин организацийн декъашхой а, махкара бахархой а.

Ала догIу, нохчийн а, гӀалгӀайн а къаьмнаш махках даьхна 82 шо дузар билгалдоккхуш Венехь а, Парижехь а, Белгехь а, Норвегихь, иштта Европан кхинйолчу пачхьалкхашкахь а гуламаш хIиттийра, гулбеллачара дагалоьцура, шайн дайша а, наноша а 13 шарахь даймахках баьхна, лайначу халонех. Ишта сагIанаш дехира вайнаха а, царех доглозучу кхечу къаьмнийн векалша а.

Your browser doesn’t support HTML5

Сибрех текхна хан дагалоьцуш ю Чапханова Кейпа

Карладоккху, 2011-чу шарахь нохчийн халкъ чиллан-беттан 23-чу дийнахь махкахдаккхар билгалдаккха дихкира нохчашна Кадыров Рамзана. И къоман тезетан де, шен да Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIатеттира цо. Цул тIаьхьа бархI шо даьлча, 2020-чу шарахь дуьххьара билгалдаьккхира Сталинан омрица нохчий махках баьхна 76 шо дузар гуламца Соьлжа-ГIалахь. Цу муьрехь Кадыровс йуха а неIалт кхайкхийра Сталинна.

Депортаци йолайелла 60 шо даьллачул тIаьхьа, 2004-чу шарахь, Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчий махках бахар геноцид йара аьлла.

Your browser doesn’t support HTML5

«Нах бойуш, церан жижиг дуурш бу вайна балош»

Мовлаев дIалур вац Казахстано

Казахстанан Лакхарчу кхело йухабаьккхина нохчийн махкахо Мовлаев Мансур Оьрсийчу дӀавала бина хилла сацам. Шена тховкӀело ца йалар низамехь дац аьлла, бина латкъам луьстуш ладегIарш чекхдовллалц дIахьажор вац иза Оьрсийчу. Цкъачунна Мовлаев лаьцна вуьсуш ву.

И сацам беш кхелахой тIетевжина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Комитетан омрана, цо сихонца йукъагIоьртина, Казахстанан Ӏедалшна Мовлаев дӀавалар дихкира. Цунах лаьцна хаам а де хьалха хилира.

КХИН А ХЬАЖА: ГӀиргӀазойчоьно дIалучуьра кӀелхьараваьллачу Мовлаевс дIахьедина Нохчийчохь шен вежарий лечкъорах

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино сихонца гӀулчаш йоху меттахӀотталур доцу зенаш оцу стагана дийр ду, цунна тIехь Iазапаш хьоьгур ду аьлла кхерам хилча. Комитет тешна, Мовлаев Оьрсийчоьне дӀалахь, цунах боккха сингаттам Iотталург хиларх.

Дечкен-бутт бовш Оьрсийчоьно Мовлаев схьавоьхуш даийтина дехар къобалдира Казахстанан Коьрта прокуратуро. 2025-гIа шо чекхдолуш Казахстано дуьхьало йира Мовлаевна тховкIело йала.

Мовлаев Мансур федералан лехамашка велла ву, Нохчийчохь экстремизмана бехке а веш, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина. 2024-чу шеран гIадужу-баттахь цо дIахьедира, шен вежарий Хьалха-Мартанарчу полицин декъе дIабигина, цигахь латторах лаьцна. Цо дийцарехь, тIехь ницкъ бина а хиллера царна.

Тхан сайтан хаамашца, Нохчийчохь наркотикашца доьзначу гIуллакхехула таIзар дина а ву Мовлаев. Оппозицин IАДАТ телеграм-каналан векалша бахарехь, и гIуллакх а полисхоша шайггара кхоьллина дара. 2022-чу шарахь Мовлаев маьрша ваьккхира тоьхначу хенал а хьалха. Оццу шеран аьхка йуха а лаьцна, цхьахйолчу набахтехь латтийра иза. Цул тIаьхьа аьтто белира цуьнан къайлах вада, ГIиргIазойчу кхечира иза карахь кехаташ а доцуш.

2023-чу шеран гIадужу-баттахь Бишкекан кхело чохь баккха йалх бутт туьйхира Мовлаевна, и хан текхначул тIаьхьа шайн пачхьалкхера араваккха сацам а беш. Иза бехкевинера бакъо йоцуш шайн мехкан доза хадорна. Цу шеран лахьан-баттахь маьрша ваьккхира иза, цо чохь йаьккхина хан дIа а лоруш. Цул тIаьхьа Казахстане кхаьчна ву иза.

Полисхой хиллачарна тIехь кхел йолийна Нохчийчохь

Гуьмса кIоштан кхелехь дуьххьара ладегIарш долийна цхьана хенахь полисхой лаьттинчу Азиев Калогин а, Юсупов Алиханан а гIуллакхехула. И шиъ бехкево бакъо йоцуш Дагестанера аптекин долахо хилла Кардашов Алексей Нохчийчу 20I7-чу шарахь дIавигарна. Лаьцначул тIаьхьа Карадшов тIепаза вайнера.

Бехкевечу шиммо а мукIарло дина, бехкаш тIелаьцна, амма кхеле ца веанера и шиъ, хаамбо "Iазапашна дуьхьал Команда" тобано.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Нохчийчохь наркотикаш лелорна тӀехь терго латточу хьукматан кӀошташна йукъарчу урхаллан куьйгалхо лаьттина Юсупов Алихан а, цуьнан гIовс хилла волу Азиев Калоги а йеххачу хенахь лоьхуш вара. И шиъ карийра 2024-чу шеран гIадужу-баттахь, ткъа бехктакхаман гӀуллакх долийра 2025-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.

Иштта лаца кхайкхийра хIетахь Кардашов лацарца доьзначу гIуллакхна бехкевен кхин а ши стаг – Нохчийчуьрчу къоман гвардин белхахой Абдурашидов Бекхан а, Дукаев Аслан а. Уьш карабаьхкира 2023-чу шарахь, царна шишша шераш хенаш туьйхира, шайгарчу даржел а совбийларна. ТӀаьхьо кхело апелляцихь и гIуллакх йухалиста хьажийра, ткъа 2024-чу шеран аьхка дов листар сацийра, низамо гIуллакх талла йелла хан тIехйаьлла аьлла.

Карладоккху, 2017-чу шеран гезгамашан-баттахь тIепаза вайна ву Хасав-Йуьртара аптекин долахо хилла Кардашов Алексей. Иза къайлаха наркотикаш йухкуш ву аьлла, лаьцна хиллера Нохчийчуьрчу полисхоша.

Дагестанерчу талламхошка цу хенахь коьрта теш хилла волчу Омаров Сайд-Мохьмада дийцинера, аптекан белхахо Нохчийчуьра Iедалхоша лаьцна, дIавигна аьлла. ГIуллакхан материалаш Нохчийчуьра талламан урхалле ма кхачийнехь, Омаровс ша мел аьлларг йухаоьцуш, и аптекахо ша вийна аьлла, шена тIелецира бехк.

2019-чу шарахь Гуьмсан кхело Омаров бехкехилар тIе а чIагIдина, набахтехь йаккха цунна исс шо хан кхайкхийра.

Лачкъийна дIавигначун нанас массо инстанцешка йаздира: президент Путин Владимире а, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзане а, ишта Москварчу раввинате а. Амма Iедало цхьана а кепара тергал ца дира цуьнан дехар.

Дахаран хьелаш ледара ду ГӀалгӀайчохь

2025-чу шеран жамӀашца, Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь* дахаран дикаллин рейтингехь тIаьххьарчу могIаршкахь йу ГӀалгӀайчоь. Рейтинг хIотточу заманчохь хьесап дира бахархошна тIебогIучу пайдан а, белхан меттигийн а, кхерамзаллин а, эколгин а, экономика кхиаран а, гIишлойн хьелийн а, ишта кхин долчун а.

Талламаш бинарг йу "РИА Новости" агенталла, Коьртачу банкан а, Росстатан а, чоьхьарчу гӀуллакхийн а, финансийн а министраллийн хаамашна тӀе а тевжаш. ХӀора регионан аьтто бара 66 гайтамехула уггаре а лакхара I00 балл гулйан. ГӀалгӀайчоьнна 36 балл кхаьчна, 2024-чу шарахь хиллачул ши балл алсам. Дахаран хьелаш уггар а гIад дайна ду аьлла билгалйаьккхина Тыва, 31 балл йу цуьнан.

Чакхенгара схьа лерича 11-чу меттигехь йу Кхарачойн-Чергазийчоь (46 балл), 16-чу могIарехь йу ГIалмакхойчоь (49 балл). Пачхьалкхан агенталлин зерашца, хьелаш дика ду Дагестанехь (50 балл), Астраханехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а (53 балл).

*Рейтинга йукъа лаьцна сепаратистийн лоруш йолу "ЛНР", "ДНР" мехкаш а, аннекси йина ГIирма а, Севастополь а, иштта дIалаьцна йолу Украинан Запорожьен кIошт а.

Дагадоуьйту, шо хьалха регионашкара кегий, йаккхий гIаланашкара бахархоша оьцучу алапийн тIегIанан гайтамехула Нохчийчоь аутсайдер йелира.

Ишта белхан къоьлла лаьттачу мехкех хIиттийначу зерашкахь а иттаннаш шерашкахь Къилбаседа Кавказан мехкаш тIаьххьара хуьлу – болх бан хан йолу нехан терахь лакхара доллушехь, цигахь белхан меттигаш нисйеш йац.

Никъаб лелорна Оьрсийчохь гIуда тоха дагахь бу

Оьрсийчуьра Коммунистийн партин депутаташа Пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна, йуьхь дIа а къовлуш, и стаг вовза таро йоцу духар лелочарна гIуданаш тухуш. Масална парламентхоша хьахийра Йуккъерчу Азера "никъабаш лелораш" а, Дагестанера килсана а, синагогана а тIелеттарш а.

КХИН А ХЬАЖА: Бусалба дин харц лардийраш: Нохчийчоьнан Iедалхой а, хьиджабана тIехула даьлла керла дов а

Депутаташ лерина бу и шаьш дуьйцу духар лелочарна 10 эзар соьмана тIера 15 эзаре гергга гIуда тоха, нагахь санна, шолгIа а низам дохийна меттиг хаалахь – 15 эзарна тIера 30 эзар соьме алсамдоккхуш. И хаамбина Кремлехьа йолчу RTVI телехьожийлан сайто, низаман проектана тIетевжина.

ГIуданех бовла тарло боху, лоьраша туьтмIаьжгаш лелор хьехна нах, Сибрехара а, Генарчу Малхбалера а, «кхечу регионашкара» а бахархой, хенан хIоттаме хьаьжжина, ишта шайн белхан декхарш кхочушден ницкъахой а, полицина улло бевлла лела националистийн "Оьрсийн йукъаралла" тобанан декъашхой а.

Оьрсийчохь никъаб лелор дехкарх лаьцна дийцарш кест-кеста нислуш ду, ткъа тӀаьххьара дийцарийн гIовгIа эккхийтира стохка охан-баттахь Москвара метро чохь дов даьллачул тӀаьхьа. 1995-чу шарахь Будённовскерчу дарбан цӀийнехь закъалтехь латтийначу 61 шо долчу журналистана Медведева Наталина гинера цӀерпошта тӀехь никъаб йоьхна бусулба зуда. Медведева Iадийнера боху, "Москвахь цу тайпа шарӀана пропаганда йаро". Оцу зудчун никъаб охьайаккха гIоьртина хиллера иза. Харцахьа лелла аьлла, лецира зуда, ткъа бусалба йоIехьа гIо даккха гIоьртинчу жимчу стагана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, чохь йаккха йехха хан а тухуш.

КХИН А ХЬАЖА: Никъаб лелоро терроризмана тIебуьгу зударий аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс

Ала дашна, 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Соьлж-ГӀаларчу декъан куьйгалхочо Ирасханов Аслана а бехк баьккхира пачхьалкхан телеканалан йоьдучу эфирехь никъаб лелош хиллачу ворхӀ йоӀера. Шен позицина критика йеш болчу нахах муфтис "АллахӀан мостагӀий", "вахIабаш, иблисаш, шайтӀанаш ду элира. "Шен халкъан доцу" духар лелор хьарам лору ша аьлла, тIетуьйхира цо.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio