Украина "схьатохарх" аьлларг Кремлехь дагаваьлла дацара, боху Кадыровс

Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Украина "схьатохарх" ша аьлларг федералан центрца дагаваьлла дацара, иза шена хетарг ду аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу юкъанна, юха а ша кийча хиларх дIахаийтина цо "шен пачхьалкхан а, президентан а, халкъан а позицеш а Iалашъян" шен лаамехь.

"Соьга цкъа а цхьаммо а аьлла дац Украинех йа кхечу пачхьалкхех лаьцна дIахьедар де аьлла. "Схьатохарх" ас аьлларг Нохчийчоьнан куьйгалхочо санна аьлла дацара, Кадыров Рамзанна хетарг дара", - аьлла цо зорбан министрца а, шен пресс-секретарца а, "Грозный" пачхьалкхан телехьожийлан директорца а инстаграмехь хIоттийначу эфирехь.

Шен къамел кхин дIа деш Кадыровс тIетоьхна, Оьрсийчоьнан президентан а, премьер-министран а уллорчу гонна юкъавогIуш вац ша, амма шен "уьйраш ю" аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, Путин Владиамира цунна "садетта, гечдо, тIе а хIутту" Кадыров Ахьмадца хилла доттагIалла бахьана долуш.

"Ас къонахчун дош ло, Делаца дуй буу, айса аьлларг цхьаьнца а дагаваьлла, цхьаммо а ала аьлла цахиларх", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху беттан 26-чохь йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедира, Украина Оьрсийчоьнах йа Нохчийчоьнах схьатухуш "хаттаран йист яккха" кийча ву ша аьлла.

"Украина вайн пачхьалкхех схьатоха езаш ю, и вайн территори ю", - аьлла Кадыровс, нагахь санна, оцу хаттарх йист яккхар шена тIедиллинехь, ша тоххара дерзийна хир дара аьлла, тIе а тухуш. Цо бахарехь, новкъарло йо цунна "пачхьалкхашна юкъарчу берташа".

"Йа Украинех дIатухур яра Нохчийчоь, йа тоххара схьаяьккхина хир яра, циггахь и хаттар чекхдаьккхина а хир дара", - дIахьедира Кадыровс.

И дешнаш хазийна цо Оьрсийчоьнан а, Украинан а дозанашкахь хьал телхина догIучу юкъанна. Малхбузен къайлахчу сервисаша дIахьедо, луларчу пачхьалкхана чугIорта Москва кечам беш ю аьлла. ТIамна кечлуш хилар бакъ ца до Кремло.

Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс жоп делира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Украина Оьрсийчоьнех схьатоха ша кийча хиларх динчу дIахьедарна.

"Цо [Кадыровс] шен пачхьалкх ларйина, цундела хьекъал гайта гIерта кхечарех дуьйцуш? Гайтийша иза [Нохчийчоь] карти тIехь, йозуш йоцчу пачхьалкхашлахь кара ца йо суна... Хьо стенга гIерта? Кхузахь хьоьх баккхийбеш бац!, - яздинера украинхойн парламентхочо, "Европейская солидарность" фракцин декъашхочо шен телеграм-каналехь.

Шена хетарехь, Кадыровн дIахьедар тIейогIучу заманчохь луьстур ду Дуьненаюкъарчу кхелехь Гаагехь, боху Гончаренкос.

Иштта депутато бехкбаьккхина Украинан президентера а, арахьарчу гIуллакхийн министрера а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамаш тийсар тергамза дитарна.