ОвхIинистанехь 10 шо долу йоI лаьцна, иза Гелменд-кIоштахь полицин дакъа эккхийта кечлуш хилар а туьдуш. Бер тIеман гIуллакхашна юкъа муха озаделла дуьйцу ОфхIанистанерчу Маршо Радион корреспондента.
КIира ду Иракъерчу Анбар-кIоштахь пачхьалкхарчу шиIатийн Iедало а, цаьргахьа бевллачу суннаташа а бухарчу гIаттамхошца тIемаш бен. Цигарчу Рамади а, ал-Фаллуджи а гIаланашкахь байина дуккха а нах. Хьолах лаьцна дуьйцу Маршо Радион Иракъерчу корреспондента Мохьаммад Iабдулхьаликъа.
Махка Кремло охьахаийначу Iедална зурманаш лекхар - иза массеран а амалехь долучух тера ду. Ца лекхнарш эхартахь бу. Я - Малхбалехь, Малхбузехь - Декъастана генна юьстах. Къар ца беллачу нохчех ю, протестан эшарш а йохуш, Канадехь еха илланча Рамзаева Бирлант. Цуьнца къамел хилира Маршо Радион.
Маситта бутт бара Новороссийскерчу кхело азербайджанхочо Кулиев Элмира дина Къуръан тафсир экстремизмалле ду аьлла сацам кхайкхийна. Оцо вуно сагатдора бусулбанийн. Краснодар-мехкан лакхарчу кхело харцбина Новороссийскан кхело тIеэцна хилла сацам. Амма...
Ша санна Дала кхоьллинчу дийнаташка, акхарошка къинхетаме долу адам хуьлийла дац сонта. Чехи-махко акхарошна кхоьллина дуккха а дика хьарманаш. Маьрша ду адамийн самукъадаккха кхобучу царна латтаде хьелаш. ХIора а акхарочун ву бахархойх ваьлла, иза шен чоьтах кхобу стаг-верас.
Антверпенера Ичкерин лидерийн кхеташо
Нохчийн Республика Ичкери Оьрсийчоьно тIемашца йохийнехь а, къоман цхьана декъо шен дахар хIинца а дузу деккъа дIа маршонан некъаца. Кху деношкахь Бельгехь шен рогIерчу кхеташоне гулбелира Ичкерин куьйгалхой. Оцу барамна гергаоьзна хIиттийра Антверпенехь спортан къовсадаларш а.
«Полшин Арахьарчу Мехкийн ЛадогIархошна» цIе йолчу радионо хаам бира деношкахь, тIаьххьарчу 18 баттахь махка кхача гIертачу 52 эзар мухIажирна доза дихкина шайн пачхьалкхо, уьш берраш а санна нохчий а бу, аьлла. Полша, хууш ма-хиллара, Оьрсийчуьра уьду нах Европе кхочу ков ду дукха хенахь дуьйна. Амма оцу махка кхача атта дац мухIажиршна, ткъа кхин а хала ду, цигара дIа Германе я кхечу махка дехьабовла. Лецначу нохчех яьхна ю Полшера набахтеш.
11 шо кхочу Москох 50 нохчочо «Норд-Ост» театр дΙалаьцча, Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъаша, иза дΙаьвше газан гΙоьнца мукъайоккхуш, нах байина. Бохам буьззина таллаза, нах хΙаллакбарна билггал бехкеберш къастоза дисина хΙетахь гΙаттийна хилла бехк-такхаман дов. Ιедалх боцчу тергамхоша шеконе диллинчохь дисина театр закъалтана дΙалаца нохчийн тΙемалой бигинарг а, юха царна тешнабехк бинарг а ФСБ ца хуьлийла дацар.
Краснодар-мехкан полицин куьйгалхоша олимпиада чекхъяллалц Сочехь а, махкарчу кхечу гΙаланашкахь а кхерамзалла латторхьама гулбечу ницкъашка язбалар дехна националисташка. Иза харцо ю, боху «Адамийн бакъонашкахьа» цΙе йолчу юкъараллан лидера Пономарев Лева. Ткъа оцо а, кхечу дуккхаъчу хьелаша а гойту, Кавказна Оьрсийчохь Ιойла доцийла, аьлла хеташ ю «Демократин юкъаралла» партин хьалханча Новодворская Валерия. Маршо Радиона цушимма дийцира Оьрсийчохь яьржинчу национализмо даржочу зуламах лаьцна.
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира конституци хуьйцуш проект чуелла Пачхьалкхан думе – дехна коьрта ши институт, Лакхара кхел а, Арбитражан кхел а цхьаьна а тьохна, шатайпа «супер» кхел юкъаяккхар. И гΙулч низам чΙагΙдарехьа йоккхуш яц, бухадиллинарг политикан бахьана ду аьлла хета эксперташна. Хийцамах лаьцна артикл араяьккхина Маршо Радион Москохарчу корреспондента Балмфорт Тома.
Президентан харжамийн болар зен Бакох дуккха а тергамхой баханера Европера а, Ιамеркара а, дуьненан кхечу маьΙΙигашкара а. Цхьаболчу журналисташа а, политикаша а шеконе даккхина оцу тергамхошлахь хилла цхьа дакъа хууш дацара билггал стенгара бу, муьлхачу гонийн цΙарх терго еш бара, аьлла. Кхеташ дац, хьан деллера цхьаболчу тергамхошна Бакох баха ахча. Оцу хьокъехь Маршо Радионо гочйина шен корреспондентанСолош Ричардан артикл.
Кхо коьртан лазам бу таханлерчу Оьрсийчоьнан, цигарчу социологаша дийцарехь. Бахархойн доккхаха дакъа могуш дацаррий, бусулбанийн терахьаш сиха кхуьуш хиларрий, шо шаре мел долу герз оьцу нах совбийларрий. Оцу кхаа балано кестта гΙелдийр ду Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла, лахбийр бу цуьнан ницкъ, дуьненан цуьнга болу сий-ларам, бохуш ду Ιедалх йозучу а, йозуш йоцчу социологин центрша доху орца.
Ларамза дац Чехи говрашна тIера хилар. Дукха хенахь дуьйна кхетта кхузара бахархой уьш вуно хьекъале а, дена тешаме а хуьлийла. Иттаннаш тоьлла, кIоргга хаарш долу говраш лелочу нехан гонаш бу кхузахь. Цундела кест-кеста хуьлу гайтамаш а, говрийн къовсамаш а. Богемехь, Лиса-над-Лабем гIалахь говрийн дуьненаюкъара гайтам хилира деношкахь. Дуккха а мехкашкара ялийначу говраша гайтира шаьш кхетамах юьззина, товш доттагIий юйла адамашна.
Бусулба нехан деза денош герга моссаза кхочу даьржа Оьрсийчуьрчу уммин векалшлахь шайна дин лело юьззина паргΙато яцарх долу дийцарш. Бусулба динан ламасташ, масала, гΙурба дер, аьшнашдан буьйлало оцу деношкахь дуккха а хаамийн гΙирсаш. Оьрсийчуьрчу бусулбанашна Ιедало а, оьрсийн юкъараллаша а латтаечу гаттонех а, Европехь царна йолчу маршонех а дерг дуьстича го яккхий башхаллаш.
ТехΙерано дΙакхайкхийна, ша реза ю дуьненца шен зарратан программа йийцаре ян а, оьшшучу кепехь шайн махкахь зарратан ларш зейта а, аьлла. Оцо а, президентан РохΙани Хьасанан Ιамеркан лидерца Обама Баракца телефонехула хиллачу къамело а Малхбалехь телхина лаьтта хьал тодийриг хиларх догайовхо ду дуьне. ГΙажарийчоь дика евзачу Цхьанатоьхначу Штаташкарчу дипломатин говзанчас Крокер Райана интервью елира Маршо Радион корреспондентна Солош Ричардна.
КIирандийнахь Германехь дIабаьхьначу харжамашкахь юха а толам баьккхина Меркель Ангелас куьйгалла дечу Керста -Демократин партино. Цундела кхидIа а Меркель юьсур ю немцойн канцлер.
«Со цец-акъ ваьккхина, Путин доьазлагΙа а президент виса дагахь ву бохучо», - элира вевзаш волчу Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн сенатора Маккейн Джона ша Маршо Радион оьрсийн сервисна еарий дийнахь еллачу интервьюхь.
Дешаран керла шо доладаларцана гΙаттийна Оьрсийчуьрчу юкъаралло зудабераш хьиджабаш, я тΙехь кхин динан билгало йолчу духарахь школашка леларо шайна бохьу гΙайгΙа. Амма шайн сибат ца хуьйцуш, дешар дита а реза бу цхьаболу мехкарий. ХΙоьттинчу хьолехь хΙун некъ харжа беза, муха каро еза массо агΙонашна товш юкъ, боху хаттар лаьтта Ιедална а, динан дайшна а хьалха. Ткъа муха карабо бусулбанашца барт Европерчу мехкашна, церан юй те и тайпа проблемаш, теллира Маршо Радионо.
Мила ву пачхьалкхехь ваха бакъо кхочург? Хьанна бехка беза махка богΙу некъаш? И хеттарш ду кху деношкахь Оьрсийчоьнан думано дийцаре даьхна. Визанашца бен Юккъерчу Азин вахархо вогΙийла дац махка аьлла кечйинчу низаман проектехь хьехадо, Къилбаседа Кавказерчу нахана а дехка деза пачхьалкхан чоьхьара визанаш йоцуш Оьрсийчухула дΙасалелар, бохуш. Депутаташа кечдечу низамо дΙайохуш ю шайгахь иштта а кΙезиг йитина бакъонаш, аьлла хета цуьнца доьзна кавказхошна.
Хьажа кхин дIа а