ТIекхочийла долу линкаш

Парламентан харжамийн хьалхара жамIаш довзийтина Гуьржийчохь


Официалан кепара цкъачунна долу парламентан харжамийн жамIаш довзийтина Гуьржийчохь. Цаьрца а догIуш, миллиардеро Иванишвили Бидзинас куьйгалла дечу «Гуьржийн сатийсам» коалицино гулдина 55 процент кхаьжнаш.

Цуьнан дуьхьалонча йолчу президенто Саакашвили Михаила куьйгалла дечу «Цхьааллин къоман болам» цIе йолчу партина шайн кхаьжнаш дIаделла 40,5 процент харжамхоша.

Йисинчу, харжамашкахь дакъа лоцуш йолчу, партийн аьтто ца баьлла пхеа процентан барьерах тIехйовла. Саакашвили Михаила кху деношкахь даре дира шен парти эшна хилар. И бахьана долуш, шаьш оппозици довлуш ду элира цо.

2013-чу шарахь Гуьржийчохь болх бан йолалур ю керла Конституци. Цуьнца а догIуш, Гуьржийчоьнах хир ю парламентан республика. Президент дуккха а бакъонех вер ву. Махкахь коьрта хир ву премьер-министр. Гергарчу хенахь цу дарже хIотта мегаш ву Иванишвили Бидзина.
XS
SM
MD
LG