ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара хьал дийцира Сочехь


Шемахь лаьтта кризис йийца Сочехь оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца цхьаьнакхеттера Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретар Бан Ки Мун.

Цхьанакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь Бана элира, девнна юкъагIортар шен хенна хилийта хьажа веза. Цо ша гIортор йо бохура, оцу хаттарехула дуьненаюкъара конференци кхайкха еза аьлла, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона бинчу кхайкхамна. Мелла а сиха дан деза и аьлла, билгал а даьккхира, Бан Ки Муна.

Лавровс бахарехь, чIогIа маьIне ду, цу девнехь лаьттачу агIонаша шаьш шайш векалш къастор.
Оьрсийчоьно гIортор йийр ю, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино Шемахь инспекциш ян Димашкъица барт беш, элира цо

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG