ТIекхочийла долу линкаш

"Ма кхоадел кхо сом! Тасал кхаж!"


Нохчийчоь - Соьлж-гIалара коьрта маьждиг, 25Оха2013

Нохчийчоь - Соьлж-гIалара коьрта маьждиг, 25Оха2013

Ца лаахь, лууш санна, шайх бозу, алапашна тIехь болу Нохчийчура белхахой шаьш вовша мел тухучу гуламе бохуьйту меттигерчу Iедалша. Динехь болчу наха Делан цIе а йоккхуш, маьждигашка оьху нах декхаре бо харжамашкахь а, маьждигехьа кхаьжнаш тасарехь а дакъа лаца.

Махкана а, къомана а юьхькIам хуьлу агIо елаш, дийшина ма Iахка, и кепекаш а ца кхоош «Сердце Чечни»маьждигана кхаьжнаш тийса бохуш , Iедалехь болчара дIахьуш цхьа жигара болам-кампани ю Нохчийчохь.Цунна юьстах вуьсуш вац Iедалан балхахь волу цхьа цхьаъ лоьраш а,хьахархой а, юьртабахамийн белхой а биста кхаччалц.

Доцца аьлчи Оьрсийчохь уггар даладелла, куьце-хаза, маьIне, чулацаме гIишло къастош дIахьуш долчу къийсадаларшкахь хIуъу а дина Соьлжа-гIалара маьждиг толийта меттахбовларра-м стенна дуьйцу, ког лаьттах ца кхеташ, хьасартне хьийзаш бу меттигера Iедалхой. Кху беттан хьалхарчу деношкахь цкъа цара цхьа мур бехьна ярташкахь, гIаланашкахь юртдайшка а, маьхькIамхошка а, бIеннашкахь кегийрхой дIа а гулбеш синкъерамаш бойтуш. Iалашо - оццу маьждигна кхаьжнаш тийсийтар. Вуьшта аьлчи телпош чухула СМэскаш олу кехат-язораш дохьуйту, шайна Оьрсийчохь ю бохучу гIишлош-хазнаш юкъахь толам хьакъдерг Соьлжа гIалара маьждиг хета бохуш.

Изза маьждиг даздан, айа,махкана «юьхькIам» хилийта ярташкара,кIошташкара бахархой бу гIала кхуьйлуш а,мел церан дог ца дагIахь а. Бертахь,дог реза дина, «шайн лаамехь» оьхуш бу хьехархой а,лоьраш а Соьлжа-гIала.Соьца къамел деш болу зударий, лоьраш а, хьехархой, кху беттан 18 –чу дийнахь цу диканехь хилла бу.

«Шайн лаамехь» Соьлжа-гIала а бахна шайн маьждиг толийта кхаьжнаш тийсина баьхкинчара даре до дIаоьзна дукха нах а бара,уьш хIумма а самукъадолуш бацар-кх бохуш,амма шаьш дIаязбеш хилча цара бIаьрла бехкаме доцу къамел дора.

Ма-дарра аьлчи Iедалца ишта я вуьшта бозуш мел болчу бахархошна а, хьаькамашна-м ирх-пурх а хьех кхетта махкана а, къомана а юьхькIам хилийта бохуш хаддаза маьхаза беш болу белхаш а,цу кеппара маьхаза стадионашка кхийлар а, хIинца санна концерташка дуьгу а бохуш цхьацца политика-кампанешна шаьш юкъаийзор а.

ЧIагIдеш ала ду урхаллехь болчара,шаьш дагалаьццарг чекхдаккхуш,шайн аьллар-лаам дахаре берзош,хаддаза низамаца догIуш доцу тIедахкарш деш, лаг лаьцча санна хьийзош бу бен-бечу тIегIан хьаькамаш. Царех ю цхьана кIоштехь, цхьана Iедалан хьукхматехь куьйгалхо йолу хIара а. Елха а ийзош дуьйцу сан цIе йоккхийла доцчу цо шайна бечу тIеIаткъамах.

Соьца хIинцца къамел динчу зудчо-хьаькамо ма-диццара, белхийла а, гIала футболе а, концерт-фестивале а – мичхьа а адам дIасадигар хьаькамаша шайн киснара ахча охьа а дуьллуш нисдеш ду. Цара иза мичара муха меттахIоттадао хууш дац.
XS
SM
MD
LG