ТIекхочийла долу линкаш

ГIирма долаяккхар емалдина Японино


Японин премьер-министро Абэ Синдзос емалдина, формала кепара оьрсийн лаккхарчу Iедалша къобалдина долу, ГIирма долаяккхар. Парламентана хьалха вистхуьлуш цо дIахьедар дира, Оьрсийчоьно «Украинан суверенитет а, цуьнан цхьаала а йохийна», аьлла.

Оьрсийчоьнна дуьхьал яха тарлун гIулчаш юьйцуш, «Йоккхачу ВорхIаннах» дагаер йолуш ю Япони, элира Абэс. И аьлла хаам бина ReutersTV канало.
XS
SM
MD
LG