ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзан: нохчий бац Украинехь



Украинехь оьрсий гIевттинчу меттигашка, царна гIоьнна, Кадыров Рамзана нохчийн ницкъахой хьийсийна бохуш яздо оьрсийн а, Украинан а цхьайолчу прессехь. И дерриг а харц дина Кадыровс шен твиттер-агIонтIехь. «Нохчий цигахь бац, хила ца эшча дика а хир дара» - яздо Нохчийчоьнан администраторо. «Тхан Iалашо яц Украинехь тIом бан, амма бен башха-м дац тхуна оцу махкахь хуьлуш лаьттарг», - боху Кадыровс.

Ша Славянск-гIала а вахана, Соьлж-ГIалица вежараллин барт язбан декхаре вина шахьаран да Хизриев Заур, яздо Кадыровс. ТIемаша лаьцна кхобучу Славянскерчу сепаратисташца язбойтуш бу цо и барт.
XS
SM
MD
LG