ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мажлисах бохуш бу гIирмахой


Оьрсийчоьнан Iедало дIаяьккхина гIирма-гIезалошкара церан парламантан-мажлисан гIишло. Иштта аькхна хьакамаша гIезалошна цара деношкахь ГIирмехь дIабаьхьна меттигера харжамаш бойкоте бахар. Кхелан сацам кхочушбан веъначу 15 пурстоьпо декхаребина мажлисчохь хилла нах, цу чуьра арабовла.

Симферополан кхело бинчу сацамна тIе а тевжаш, банкехь ахча латтон а, гIишло лаца а дихкина мажлисна. Амма гIишло шаьш дIатосур яц, тIедогIучу кIиранах кхелан сацамна шаьш дина арз листина даллалц, аьлла, дIахьедина гIирма-гIезалойн Курултай-кхеташонан куьйгалхочо Смелдиев Заира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG