ТIекхочийла долу линкаш

Нанойн комитетна дуьхьал ду Iедал


Ставропол-махкарчу Нанойн комитетан Буденновскера куьйгалхо 73 шо долу Богатенкова Людмила, цуьнан цIийнах а хьаьжна, лаьцна полицино Iедална дуьхьал бозбуанчалла лелийна аьлла.

Амма иза кхеро гIерташ лаьцна, цо Украинерчу тIамехь оьрсийн салтий кхалхар дара толлуш, хаамбина Фейсбукехь Петарбухарчу Нанойн комитетан декъо. Оцу юкъаралло бIе сов Оьрсийчоьнан эскарера салти велла Донбассехь сепаратисташкахьа Украинан эскаршца тIом беш, бохуш, чIагIо.

Петарбухара Нанойн комитетан куьйгалхо Полянкова Элла а ю Оьрсийчоьнан юстицин министралло тидаме эцна, цо доцург дуьйцу аьлла – оцу бакъоларъярхочо а чIагIдо Украинехь дуккха а оьрсийн эскархой эгна хиларх лаьцна.

XS
SM
MD
LG