ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 стаг вийна Парижерчу "Шарли ХIебдо" журналан редакци чохь


Францин шахьарахь Парижехь кхаарийдийнан Iуьйранна тутмIаьжигашкахь хилла герзахой тIелетта Мохьаммад-Пайхамарна карикатураш яхкарца билгалдаьллачу Шарли ХIебдо цIе йолчу сатирикан журналан редакцин хIусамна. 10 белхахо а, 2 полисхо а вийна.

Бохаман метте веъначу президента ХIолланд Франсуас, динарг терроран тIелатар ду, лазийначу 20 гергга стагах виъ халачу хьолехь ву, элира журналисташка. Парижера ницкъаллин урхаллаш орцане яьхначу рожехь болхбеш ю. Олланда бинчу хаамца, иштачех масситта бохам хуьлучуьра баьккхина Iедало кху тIаьххьарчу муьрехь.

Беллачаралахь бу Шарли ХIебдо журналан коьрта редактор Шарбонье Стефан а, карикатуристаш Кабу Жан а, Волынски Жорж а, Верлак Бернар а, кхиберш.

ТIелатар динарг лаххара а шиъ ву. Царех цхьамма, шаьш «Пайхамарна тIера бекхам бина» аьлла мохь а тоьхнера, боху зорбано. Зуламхой лохуш бу. Оха хиллачун мах хадор дийхира Парижехь вехачу Маршо Радионо эксперте.

Вачагаев: «Билггал уьш бусалба хилар, цу т1ехь сацийна. Кху къомах вара ала, гучудаьккхина, цкъачунна схьааьлла хIума дац. Бусалба нахана хаза нехасанна зулам дели. Бусалбанашна кхерам тийсийтархьама – иза нисдалар доцург, кхин цхьана а кепара пайде хир долуш хIума дац».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG