ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МаслаIатан тоба юха а цхьаьнакхетта Минскехь


Украинера конфликт дIайерзор Iалашо йолчу тобанан цхьанакхетар доладелла Шоьта-дийнахь Минскехь. Цу дийцаршкахь дакъалоцуш ву Украинин хилла волу президент Кучма Леонид а, Оьрсийчоьнан Украинехь волу векал Зурабов Михаил а, ОБСЕ-н векал Тальявини Хайди а, Донецкера а, Луганскера а сепаратистийн векалш Пушилин Денис а, Дейнего Владислав а.

Хьалхо ОБСЕ-но хаам бинера, Украинин малхбалера хьал дIанисдан керла документ кечдина шаьш аьлла. Кхаа агIоно дакъалоцу дагадовларш хила дезаш дара кху буттан 30-чу дийнахь. Амма сепаратистийн векалш ПIераскан дийнахь Минскера дIабахара Украинин векалш цига цабахкар бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG