ТIекхочийла долу линкаш

Палмира жихIадхойн карахь ю


«Исламан Пачхьалкх» шех олучу тIеман тобанаша юьззина долаерзийна ЮНЕСКО-но дуьненаюкъара Iуналла латтош йолу Палмира гIала, ши эзар шо хьалха йиллинчу оцу гIалин херцарш чу а лоцуш. Британехь куп тоьхначу Шемара хьал зуьйчу тобано хаамбарехь, ах-Шема ю жихIадхошкахь.

Палмирана герга лаьттина Iедалан эскарш, кеманийн база, набахти ларъен ницкъаш юхабевлла шайх лаххара а 100 стаг а леш. Палмирехь эсан бахам лоруш ларъеш йолу херцарш, хIолламаш, «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанаша, хьалхо кхечу шаьш дIалецначу меттигашкахь санна, хIаллакъярна кхоьру Шема.

XS
SM
MD
LG