ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чабаев Лоьма. Триптих


Chechnya --Trading points along the highway "Kavkaz", 2016
Chechnya --Trading points along the highway "Kavkaz", 2016

Шина коге

Дуьненан хIоз керчо
къен къа ас латорна,
аш некъаш хьоьшу-кха,
сан миска баймакхаш.

Шу зийза, баланаш
ас шайгахь латторна,
яц Осло я Прага
кхин тIех шун бIакъажош.

…ХIетте а, сан когаш,
шайн ма-дду гIора чохь,
дехалаш дерриг а
дерзийтар Нохчийчохь!

Коьрте

Хьан массо хьогамех
мерцахиг ма хилла,
буьйсанна борз ехкаш
дуьне а ма даьгна!

Iожалла маршонал
Тоьллачу цу махкахь
хIун гаре сатуьйсуш
сан когаш кIамбо ахь?

…ХIетте а, ойланаш,
шайн ма-дду гIора чохь,
дехалаш дерриг а
дерзийтар Нохчийчохь!

Даге

Коржамал доцчу ахь,
ма бала бина хьайх,
хьан лелар, я сацар
боццушехь дIагунберш!

Хьо делош хилла нах
Iа дела вина лайх,
ахь доьлхуш йитина
селхане емалъеш.

…ХIетте а, аьрха дог,
хьайн ма-дду гIора чохь,
дехалахь дерриг а
дерзийтар Нохчийчохь!

Чабаев Лоьма

Телефон чохь хезначу догIанна

Цигахь шун, даьттанчохь буьртигаш санна,
Беданах детталуш, догIа ду декаш!
Хьан озах иэделла и хезаш, шенна
Лоьху сан ойлано даймахка некъаш.

ДегIастах пана-мохк оллуче ваьлла,
Хьо цуьнан зилх лара сайн са ас Iамий,
Сан шовкъан хам бина, ахьа-м ца аьлла
Цкъа мукъаъ сан деган доIанна «амин».

Сох боцчу лазамех ахь бина хьеший,
Лаьхьанех тарбелла, хьан ирсах хьерча.
Со-м хьуна карор ву дагна ма-ийшши,
Ткъа муха яккха хьо маршонан баьрче?

Хиллачо, леллачо лаьцна хьо еха,
Балозан гIалартех ца Iебаш ловза.
Хиндоцург дехийттал ца сецош веха,
Ахь шийла, ахь гIийла дIахьажий говза.

ДогIа а дIадер ду, ахь динехь дехар,
Кхолламан бIаьрг хеца хьо йоллу, кхета.
Эханге ахь дерзош дIахецна дахар,
Хьох, махках къаьстича, ловр доцуш хета.

Чабаев Лоьма

ДIавоьду

ШайтIанан бIаьра хьо йогIийна ойла
Йисаро лазориг цхьанне ма гойла!
Дог эца ницкъ бац-кха - ма къонах хилла!
Кхин гуьнахь дацарх сайн ма хьерехилла!

Со санна, хьан лазам кийчаверг тебан
Вуссийла хьан коьрте, со дагах ца летарг!
Шен доцчу ирсанна гIуллакх дац теба!
ДIавоьду, дIавоьду хьо дуьне хеттарг...

XS
SM
MD
LG