ТIекхочийла долу линкаш

Соьлжа-гIаларчу цхьана кафе чохь ши белхало, ши зуда йийна, муьлш бу ца хуучу герзхоша. Оцу шинна а тIе герз а диттина къайлабовла аьтто хилла зуламхойн. Талламан комитетто шен лерринчу тидаме эцна гIуллакха.

И зулам хилла, буьйсана шолгIа сахьт доладелча. «Лолита» цIе йолчу кафена уллехь сецна "Приора" машен. Цу чуьра охьвоьссиинчу стага, мелаша чу а вахана, тапча йиттина йийна цу чуьра ши белхало, 45 шо долу Мацагова а, 35 шо долу Эдильсултанова а.

Цул тIаьхьа иза дIавахна цу меттера, машен чу а хиина. Болийначу талламо къастош ду хиллачунна мел йолу агIо. Уьш ша ерриш цкъачуьнна йовзуьйтуш яц. Ала догIу, и кафе республикан некъан низамаш лардечу урхаллана уллехь ю. Массо а маьIIехь цигахь йоьхкиначу видеокамерша зуламхой а, уьш тIехь хилла машен а лаьцна хиларх сатийсам бу нахехь .

Иштта нах байар хиланза дикка хан яра, уггаре а кхерамалла йоцу мохк бу аьлла лоручу Нохчийчохь. Цундела юккъараллехь сингаттамца тIеэцна кафе чуьра и ши белхахо ерах болу хаам.

Соьлж-гIалара яхархочунна Сатуева Лизина, иза дика сигнал ю аьлла ца хета. Ша а, цхьана хенахь кхачанан чоьнашкахь белхаш бина йолчу цунна, хууш ду, ишттачу меттигашка зударий болх бан хIумма а хазахеташ боьлхуш ца хилар.

Сатуева: «Официанткаш байина бохуш цхьа хIума ду дуьйцуш, тхуна а хезна. Иштта хIума хезча, дуьненах а дог долу. Вен хIунда вуьйш ву ца хаьа суна, шен болх беш волу стаг. ХIумана цхьа бух хила ца беза?

Болх ца бича ма ца болу. И шиъ йийна аьлча, вуно чIогIа халонга а даьлла, дуьйцуш хIума ду-кх иза. Вай таделла бохучу Нохчийчохь-м, хIете а, вете а дац иза хаза хIума».

Юкъараллехь хIинцале дийца долийна, и зударий байар, церан гергарчеран карах хилла ду аьлла. Муьлха а зулам, стаг вер, муьлхачу а низамехь уггаре а кIоршме лоруш ду. Иштта ду иза нохчийн Iадаташца а, бусулба динехь а.

Цундела и ши зуда, хIуъа бахьанца йийнехь а, иза динчарна таIзар хила деза, аьлла хета Соьлж-ГIаларчу яхархочунна Сатуева Лизина.

Сатуева: «Иштта зуламаш хилча, лаха а лохуш, гучу а бохуш хIума дан деза. ХIинца жоьпе а ца озабо, къайла а долуьйту. Iедал а ду, полиции а ю. Уьш тIаьхьакхиа ма беза диначарна.

Талла а деза, нахана довзийта а деза. Иштта хIуманаш кхин ца хилийта. Вайн Iедало хIумма а хаа а ца хоуьйту. ЦIерачара динера иза олий, дIадижадо. Цара динехь а, царна а таIзар дан деза, Суна иштта хета. Массарна а иштта хета иза».

Буьрсаллехь суйнаш дерриге а дуьнене дIатийсийта кийча йолчу Нохчийчохь, кафе чохь ши белхахо ерах долу гIуллакх Талламан комитета шена тидаме лаьцна.

Амма иза бохург дац иза, кхоччуш талла а теллина, бехке берш жоьпе озор бу. Шортта ду оцу тайпаниш, кхин кхоччуш чакхе йоцуш дисина гIуллакхаш. Масех шо хьалха, массийта йоI йийра, цхьана буса, Соьлж-ГIалин маьI-маьIIехь.

Шела кIоштахь, машенаш юьлучу меттигера ши йиша а иштта дIайигинчула тIаьхьа, кара ца йина, я и зуламаш хьан дина а къастонза дисна.

XS
SM
MD
LG