ТIекхочийла долу линкаш

Кхел ю еш нохчашна тIехIиттинчу украинахошна


Нохчийчоьнан кхело листа долийна украинахойн Карпюк Николайн а, Клых Станиславан а дов. И шиъ бехкево, Оьрсийчохь йихкинчу украинахойн националистийн УНА-УНСО партин декъахь а волуш, 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь оьрсийн эскаршна дуьхьал тIемаш барна.

Алссам цIий а ду цушинна тIехь – 30 эскархо вийна, 15 лазийна цара, боху талламчаша. Карпюкан а, Клыхан а адвокаташа бехказа воху и шиъ.

Адвокаташа Малофеев Александра а, Дубровина Маринас а чIагIдо, царна йиттина даьхна цаьргара уьш лецна латточохь тоьшаллаш бохуш. Ши украинахо тешнабехкаца лаьцна, вадийна кхачийна Оьрсийчуьрчу кхеле, чIагIдо Украинерчу хьостанаша.

XS
SM
MD
LG