ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъара низамаш кхочуш цадан бакъо елла шайна Путина


Оьрсийчоьнан Конституцин кхелана дуьненаюкъарчу кхелаша бина сацамаш кхочуш цабан бакъо луш долу низам тIечIагIдина Путин Владимира. Ша аьлча, буьйцурш бу Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тIеоьцуш болу сацамаш. Оьрсийчоьнан Iедалшна хетарехь, цу кхелан сацамаш Оьрсийчоьнан Конституцица богIуш бацахь уьш кхочуш бан цаоьшу.

Оьрсийчоьнан Конституцин кхелах лаьцначу низаманна тIехь хийцамаш бира Пачхьалкхан Думо кху беттан 4-чу дийнахь. Ткъа 9-чу дийнахь уьш къобулбира Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташоно. Цу низаманна дуьхьал кхаж теснарг вара депутат Гудков Дмитрий. Цунна хетарехь, и низам тIеэцчачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалш лелар ду, шайна луург дан йиш ю шайн бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG