ТIекхочийла долу линкаш

Гайтукаева Бана. Вайн заманан нохчийн мотт


Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Нохчийчоь --Соьлж-ГIала, заздоккху-беттан 8-гIа де, 2016

Гайтукаева Бана

Вайн заманан нохчийн мотт

Суьйре ю цхьа тайна дерриг дицделла.
ЙоI тийна кIант ларвеш, паркерачу гIантахь.
Эххар схьахеза: Приветик, Лена,
Дукха хан юй ахь ждать до?
Прости хьайн тарлахь"
- Какой ты жестокий, со хьоьга хьоьжу,
Примерно, цхьа ши сахьт время ю.
А ты, как хийра стаг, соьга ждать дойтуш,
Это не в первый раз, хьо-м иштта ву!
Ну что ты, Леночка, цхьаъ Iоттаделла,
Со тIаьхьа висарх со къера ву.
Елалой хилахьа, хьо грустный хилча,
Вайдаха, я прямо с ума схожу.
Ладно, что б это тIаьххьара хуьлда.
И, кстати, сегодня вайн праздник ду.
Ой, чуть не забыла, хьо декъал хуьлда.
Тахна вай девзина шо дузуш ду.
Баркалла. Я тоже... Хьо а декъал хуьлда.
XIapa вечер а ша тайпа прекрасный ю.
Ты знаешь, сан даг чохь радость ловзу.
Понятно, хьомейниг, хьо соьца ю.
- Мне тоже порою кажется иштта,
Ты рядом - а значит, со ирсе ю.
Xlopa ночь седанах со дагаюьйлу.
Цо сунна схьахьоьхург твой образ ю.
- Эх, был бы я поэтом сегодня, Лена,
Есенин хьагош, стих писать тебе.
Талант яц соьгахь, хIун дер тIаккха,
Цундела в кино я тебя поведу.

Гайтукаева Бана нохчийн гояьлла байтанча яра. Иза дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран чиллан-беттан 23-чудийнахь ТIехьа-Мартан кIоштан ВаларгтIе юьртахь. 1966-чу шеран гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь иза ВаларгтIерчу №1 йолчу юккъерчу ишколе деша. 1986-чу шарахь ишкол а яьккхина, юьртан библиотеке балха хIоьттира. 1986-1991 дийшира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Оццу 1991-чу шарахь яздархойн Бертан декъашхо хилира Бана. 1994-чу шеран заздоккхучу-беттан 18-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь дIаелира Бана.

XS
SM
MD
LG