ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гадаев Мохьмад-Салахь. Вер-витар (Хьалха лелларш)


ВЕР-ВИТАР (Хьалха лелларш)

Суьйренашца шовданийн кортошка (мехкарша хиш оьцучу меттигашка) гуллуш хуьлура хьалха ярташкара нах. Берриш а бохург санна. Баккхийнаш генахьо ховшура. Мехкаршца шайн бала а боцучу суьртахь. Ткъа кегийнаш хина гергахьа хIуьттура, мехкаршка бист а хуьлуш. Иштта гулбеллачохь дов даьллера Аласханан а, Ирсханан а берийн. ГIеметтахIиттина, тайна кIентий хиллера Аласханан кхоъ а, Ирсханан шиъ а.

Кертах баккъаш а товжийна, вовшах агIош а тоьхна хевшина Iаш дай а хиллера. Генахь а боцуш. Шайн кIентий а гуш. Аласханан воккхахволчу кIанта, ластийна тур тоьхна, Ирсханан воккхахверг охьавиллинера. Хаттала. ХIетта догIа а тийна, къегина малх а хьаьжна, луларчу баса сте­лаIад а хIоьттина, наггахь бен ца нисло тайпа исбаьхьа-хаза суьйре хиллера и царна ирча еанарг.

ТIаккха, шаьл­та баттара схьа а йоккхуш, шен ваша вийначунна чукхоссавелира Ирсханан шолгIаниг. Вукхарех цхьаммо схьаластийначу шаьлтанна дуьхьал шен аьрру куьг а лоцуш. Ткъа и куьг, цу шаьлтано буткъачу пхьаьрсехула хада а дина, хаттала охьадоьжнера. Чхьап-аьлла. Шаьлтанца хьалакховдийначу вукху куьйга баьккхина шен куй цу доьжначу куьйгана тIе а тесна, шолгIа чукхоссавелла, шаьлта тоьхна, охьа­виллинера шен ваша вийнарг.

– ЭхI!.. Иштта-м хир дац! – аьлла, шаьлтанна тIе ка а дуьл­луш, хьалаайвелира Аласха. – Веги хьо, Аласха! Веги хьо! Бераш дита! Охьахаа! – аьллера Ирсхана, чоин юх лаьцна, Аласха охьа а озош. – ЭхI!.. Ваьгна а хилла, – аьлла, шен метта охьахиънера Аласха. Юкъабоьллачу наха дов а сацийнера, кхин дехьа ца долуьйтуш, машар а бинера, Аласханан йоI Ирсханан висинчу кIантана а ялош. Юкъахь хьагI-бода ца хилийта. Гергарло чIагIдалийта.

«Ишта-ишта, машар а хили, хьо дIайига а баьхкина ворданца», – аьллера йоIе. Божал чохь хиллера йоI хIетахь, кхо доккхуш. Меллаша баьхьа дIа а хIоттийна, ворданехьа йолаелира йоI. Ша ма-хиллара. Кхоша буьзначу берзинчу когашца. – Собарде, ши ког а цIанбе, тIе хIума а юха, маре йоьдуш ю хьо, – аьллера гонахболчара. – Э-э-э, и аш дуьйцу маре дац хIара, – аьлла, вордан тIе яьллера йоI. 2 Оханийн белхаш хала хуьлура хьалха. Къаьсттина лаьм­ нашца йолчу меттигашкахь. Ялх, бархI сту а бужий, йоккхачу гIовгIанца, къаьхьачу вонца, халла цхьа басарш дора. Буьйсанашца стерчий дажадора. ТIехь а Iаш. Нохчмахакахоша «гоьзатахь Iаш» олура цунах. Оцу гоьзатахь Iаш волу Сайда вийнера цхьана буса. Хьан вийна а ца хууш.

Хьуьнан юккъерчу ирзу тIе стерчий а лаьхкина, дIатевжина хиллера и миска. Цигахь наб а кхетта Iуьллучу цунна коьртах диг тоьхнера. Берриг хье схьа а тосуьйтуш. ТIаккха юьхь тIе шаьлта йиттинера. Шина агIор йохуш. Юьхьан амат дитина а дацара. Хьалххе гота йожа дагахь, са ма-тоссура вахначу дений, вешиний иштта ирча Iуьллуш карийнера Сайда.

Меллаша схьадаьккхина, шен чоа Сайдина тIе а тесна, вукху кIанте аьллера дас Себара: – хIара сурт вайн нахана ган лаьа суна. Эвла а гIой, дIахаийта хIара. Маьждигера барам а ба. Орца деанера эвлара. СебаргIарна гена воццуш вехаш волу къена-воккха стаг Болатмирза а юккъехь.

Цо аьллера, Сайде а хьаьжна: – Ма йоккха эрчалла ю хIара. ХIара болх балла боьрша йолуш хIума а, хIоккхул къиза адам а хила йиш ма яц, ша и тхоьгара жIаьла дацахь. И, мацца а, адам а дац. ЖIаьла ду ша ма-дарра. Я сийсара а, я тахана а цIахула гуш а дац.

– Дера хаац, Болатмирза, хьенан жIаьла ду-м, – аьллера Себара, – вуьшта, жIаьла хилар гушду. Хьеннан и делахь а, цунна гечде ма ала соьга. И ца алийта, хIара сурт ма-дарра шуна гайта, дехна ас шу схьа. Тамехь ца хетташехь. – Эр дац! – наха а аьллера. – ХIара санначунна гечде олуш а ца хуьлу. Хила а хиллера Сайда вийнарг Болатмирзин «жIаьла» – Саьлмирза: юххерчу хьуьн чохь БолатмирзагIеран диг а карийнера цIийша а дуьзна, ткъа мича вахна ца хууш Саьлмирза а вайнера.

Цу тIе, Сайдега ян дагахь йолу йоI езаш Саьлмирза хилла хилар а хиънера Себарна. «Шена новкъара ваккха вийна. Хьул ца луш Iан стогалла а ца хилла, ведда», – сацийнера Себара. Болатмирзех хабар а тоьхнера: хьоьца хIумма а дац шен, цIера а ма вала, къехка а ма къехка.

Амма Саьлмирза лохур а ву ша, вуьтур а вац ша, аьлла. Ши-кхо шо а даьллера Саьлмирзин лар а ца хаалуш. ТIаьххьара а хиънера: геннарчу цхьана юьртахь Iаш хиллера иза, шена кхин цIе а тиллина, ваьлла меттиг харц а йийцина. И дIасаволуш долу некъаш а хааделлера. Цкъа кIело йича, карахь цхьа а герз доцуш нисвеллера. Эвла йистерчу варшахь.

КIант а хиллера Себарца – Асхьаб. Шен вешин эрчаяьккхина юьхь цкъа а бIаьргашна дуьхьалара дIа ца йолуш верг. Амма Себара тохийтина яцара, герз а доцуш волу стаг вийча, наха бехк буьллур бу аьлла. Гучу а ца бовлуш, IадIийнера хIорш. ШолгIа, кочахь топ а, юкъахь шаьлта йолуш нисвеллера, амма цуьнца кхин цхьа стаг хиллера.

Нехан стагана юххехь вер а ца тарделла, тIаккха а витинера. Оццу варшахь кхозлагIа кIело йина хIорш болуш, вогIуш хиллера Саьлмирза. Ша. Юкъах шаьлта йолуш. Шега тохийтахьара цунна топ аьлла, хьаьвзинера Асхьаб. Ткъа дас аьллера: – Цуьнгахь топ яц. Тапча яц.

Цуьнгахь ерриг тухур ю вай а. Шен топ кIанте дIа а елла, Саьлмирзина дуьхьалвала кечвеллера Себар. Шех бIаьрг кхетча, и вухур вуйла хууш (цуьнан «стогалла» евзаш), жимма тIехъозавалийтинера. ТIаккха, цIокъберг санна, гIар-тата доцуш кхоссавелла, пхьарс лаьцна, сацийнера. Шегахьа схьа а верзош:

– Iайт, жIаьла, яI, жIаьла! ХIинца-х ма ду хьо сан карахь! – аьлла, хьалха дIахIоттийнера. Пхьарс дIа а хоьцуш. – ХIинца ас тоьдур ву хьо. Боьрша хетта а тоьдур вац. Цу ахь диначу ирчаллина тоьдур ву. Адамах къахета адамалла-м хьоьгахь ян а яцара. Берахь дуьйна а! Цицигашкахь, жIаьлешкахь, бежнашкахь ахь даллочу Iазапо а гойтушдара иза-м.

Вуьшта, эхь мукъане а хIунда ца хийтира хьуна, наб кхетта Iуьллучу адамна коьртах диг тоха? Цул тIаь­хьа цуьнанюьхьа тIе шаьлта еттар, хIун дара хьан? Цкъа тоьхча а, уьттаза тоьхча а ца Iебаш! И хьайчул цIена хилар дара?.. Хьай, наьIалт хила цу хьан боьхачу юьхьа тIе! Боьрша йоцу хIума!

Схьаяккха хьайн шаьлта! Ас тухуш ю хьуна хIинца! ТIаккха, баттара яьккхина, шаьлта тоьхнера Себара Саьл­ мирзина. Аьрру агIорчу белша тIе. Дукха чIогIа ца тухучу дагахь тоьхнера, охьавоьжна валале дикка теда ойла йолуш. Амма чIогIа тоьхна хиллера: гIабакхах санна, чуяхна иза, аьтту агIорчу тIа тIе хIоьттинера. Саьлмирза охьавоьж­нера. ТIаккха варшара схьаваьлла Асхьаб хьаьвзинера Саьлмирзан юьхь ата лиъна.

– Мегар дац! – аьллера Себара буьрса. – Охьавоьжначул тIаьхьа тоха мегаш дац стагана. Дийна и хилча а. ЖIаьло жIаьла а дуьту, охьадоьжча. ОьгIазвахарх, йицъян мегар дац адамалла. 3 Буьйсана гулделлачохь, «кхераме» хIуманаш а дуьйций (шайтIанаш а, белла нах а хьехабой), «майралла» къуьйсуш хуьлура берийн: «Маьждиган мимар чу куй билла мила ваьхьар вара?» – бохуш.

Бераш хьовха, дикка андабевлла кегийраш а хуьлура цу къийсамашкахь дакъалоцуш, дукхахьолахь кегийнаш дIахоьхкуш. Оцу андабевллачех цхьамма – Юнасан Iелас – юкъадаьккхинера цхьана буса, «Шийлачу шовданера» хи дан ваха мила ваьхьар вара, бохург. Эвлана башха генахь а ца хиллера, амма дукха буьрса, дийнахь а стаг ваха озалуш меттиг хиллера и «Шийла шовда» эриг. Юькъачу хьуьн чохь. КIоргачу Iин чохь.

Луьс­та къух даьлла. Черчий, хьакхарчий, берзалой, цIокъбер­гаш хуьлуш (хабарехь)! Ша ваьхьар вара, аьллера Эскарханан Илеса. Пхийттаялхитта шо хир долуш волчу. Илес дIаволавеллера, цIера чIуьжалг а оьцуш воьду ша аьлла. Ткъа Iела, дуьхьал дол-долчухула оьккхуш, цунна кIелхаа вахнера, иза кхеро.

Шалго тапчанаш хуьлура хьалха, тIехь-кIел эчигаш а йолуш, цхьа зIок а йолуш. Цу зIакар тIера цхьа пIилдиг хьала ца саттийнехь, ший а йолура, цкъа йожийча. И тапча а яьхьнера Илеса цIера, дех лачкъийна. Юла а юьйлина, карахь и тапча а йолуш, готтачу гIаш­ лойн новкъахула хи долчу Iин чу воьссинера Илес.

Юххер­чу бердах буьйсанан олхазарша хьоькхучу цIогIаша дегIе зуз а оьхуьйтуш. ЧIуьжалг хих а юьзна, хIара вухавоьрззушехь, юххерчу ярашлара цхьа хIума хьалаайаеллера, боьха мохь-цIогIа а хьоькхуш…

Цул тIаьхьа хилларг дага догIуш а, дийца хууш а ца хиллера Илесна. Цхьана куьйгахь хих юьззина чIуьжалг а йолуш, вукху куьйгахь яьсса тапча а йолуш, берийн тобанна юкъаиккхинера Илес. Хьераваьлларг санна. Вистхилалуш а воцуш. Шекбевлла бахначарна Iела карийнера ярашлахь.

Велла. Нийсса даг тIе кхетта хиллера ши хIоъ. Шен кIентан валар муха хилла а хьаьжна, Юнаса хабар тоьхнера ЭскархангIарах: цIера довла ма гIерта, цхьа а тайпа чIир-гамо хир яц вайна юкъахь аьлла. Хила а ца хиллера. 4 Юх-юххехь йолчу шина эвлахь ши доттагI хиллера – Езед а, Iумар а бохуш. Цхьацца йиша а хиллера шиннен а: Iумаран – Усамат, Езедан – Селихьат.

ЦIе йоккхуш мехкарий хиллера уьш. Вовшийн керташка лесташа, цхьаьна буьйсанашйохуша, ловзарбелхех цхьаьна хIуьттуш а. Йиллина бохург санна, цхьаьний хиллера ши йоI.

Шен тодаларехь, дузарехь, кхиарехь цхьана лакхенга а кхочий, талха долалуш ду хIора хIума. Диалектически кхиаран закон ду и: дацарера хилла догIуш дерг юха дацаре дIадоьрзу. ЦIеначу буха тIехь таса а делла, лартIехь лелаш долу адамийн доттагIалла доцург, оцу законах хьалха долуш хIума дац.

Амма лартIера даьлча, адамийн доттагIалла а кхета оцу закона кIел. Вай хьехош берш а кхеттера. Шайн доттагIалла шеллуш хиларан шеко лелхаш хиллера Езедна: Iумар наггахь бен вогIуш ца хиллера, ткъа веача а, буьйса яккха соцуш ца хиллера, хьалха санна. Амма иза белхан сихаллина туьдуш хиллера Езеда.

Ша а волу дела денна балхахь. Цу тIе, Усамат а сих-сиха йогIуш хиллера. Могаш йоцуш чохь сецначу Селихьатца буьйсанаш а йохуш. Хьалхачул а чIогIа хьастаелла а хиллера Езедца. Гуттар забарш еш. Ловзуш. Наггахь, Езед реза воццушехь, ловзар тIех а доккхуш. Цкъа сарахь, IумаргIаьрга а вахна, буьйса яккха сецира Езед. ЦIахь гIуллакхаш доллушехь.

ДоттагIалла «дохадан» гIоьртачу чоьтехь. ШолгIачу дийнахь Iуьйрре, хIара сама а валале, юххе охьа а хиъна, ловзаяьллера Усамат: – ХIей, самавала! Хьан доттагI а балха ваха. Берриш а цIера бевли. Вайша бен, садоIу дегI дац кертахь. Меттахахьа! – бохуш, там болчу а, боцчу а куьйгаш Iитта йоьллера. Цу ловзаран «дикалла» шера ган а гина, Усамат дIа а кхуссуш, хьалаиккхинера Езед.

ТIаккха Усамата аьллера: – Ваттай, хьо ма чIогIа лела! Нах-м ца лела, хьуна, иштта чIогIа. – Нехан болх хаац суна, вуьшта ас-м хIара шаьлта еттар ю хьуна, кхин хьо суна аьттехьа гIортахь! – аьлла, юкъ а йихкина, цIехьа волавеллера Езед. Усамата аьллачун ойла а еш. Цуьнан «нах» Iумарна тIе даьхьнера, ткъа Селихьатан цамгарна шек а ваьллера. ЦIа кхоччушехь, нене дIабийцинера шен дегабаам. Нанас даре динера. Елха а йоьлхуш.

Бердах эккха гIерташ йолу Селихьат ша хала сецош хилар а хаийтинера. Дех лечкъа а деш. Ткъа Езеда дега дIадийцинера дерриг а. Хатта а хаьттинера:

– ХIун дан деза те? – Iумар схьа а ваийтина, шаьлта Iиттина, Iиттина, хьуьл­ ла эвла йистерчу кхелли тIе кхосса деза ший а! – аьллера дас Абубакара. Иза дан а динера. Иштта-иштта болх хили аьлла, хабар дахьийтинера Абубакара Iумаран дега Iелим-Солте. ЧIир-мир муххале а ца хьехийнера Iелим-Солтас.

Мелхо а, баркалла аьллера. Схьа а веана, Абубакарна мара а кхетта. Шен кIентан дакъа долчу агIор корта ца хьовзош, дIа а вахнера. – Iиллийта кхелли тIехь жIаьла, – аьлла. 5 Базарара гIуллакх чекх а даьлла, юьстахваьлла, лаьтташ хиллера ХIарон. Накъосте хьоьжуш. Луларчу кIотарара цхьаьна веана хиллера хIара шиъ. Цхьаьна цIа ваха везаш а хиллера.

Иштта лаьтташ ХIарон волуш, цхьа кхин стаг веанера кхунна тIе. ХIара вевзаш, амма кхунна вевзаш воцуш. ХIаронан хеннара эр долуш стаг хиллера. Шовзткъе иттех шо хир долуш. Амма чIогIа бос баьхьна хиллера. Цхьа хIума лоьхуш санна, кхерсташ ши бIаьрг а болуш. ХIаронца къамел доло а гIерташ, цунах дош ца хуьлуш, воллуш хиллера и стаг.

Цо лелориг лартIехь дацар а гуш, хIун ду ца хууш, лаьтташ ХIарон а хиллера. Оцу минотехь цхьа кхин схьаваьллера базаран юккъера. Карахь топ а йолуш. Гергахьа а гIоьртина, гIап-аьлла топ тоьхна, ХIаронца лаьтташ верг охьавиллинера цо. И охьа а виллина, дIаволавеллера.

– Собарделахь, хIай, къонах! ХIара хIун ду ахь динарг? ДIа ма гIолахь! – бохуш, тIаьхьа ХIарон а волавеллера. – Суна тIаьхьа ма гIерта, ас вийнарг сайн мостагI ву! – аьллера вукхо. – Ой, ткъа, суна юххе а хIоттийтина ца вийча, кхин меттиг яцара хьуна и вен? ТIаьхьа а гIертар ву, дIа а вохуьйтур вац! – аьлла, тапча йиттина, вийнера ХIарона и стаг.

Дагахь хIиттийна суьрташ а доцуш, билггал хилла хIу­ манаш ду и дийцинарш (цундела яртийн цIерш а ца яьхна, нехан цIерш а кхин ю). ХIинцалерачу хьесапехь, «акхаралла» ю и, амма дегнаш «къиза» долуш, кхетамаш «акха» болуш лелийна долу «хIу­ манаш» дац уьш. Къоман исторически кхиаран хьелашкахь иэшарна кхолла а делла, хIетахьлерачу юкъараллин дIахIоттаман хьашташна гIаролехь лаьттина долу законаш ду уьш.

Кхечу ламасташца цхьаьна, вайн къоман «юьхь», цуьнан оьздангалла меттахь латтийнарш ду. ХIинца оьшуш дац: хIинца Iедалан законаш ду лелош. Амма, хIетахь уьш ца хиллехь, къоман лаккхара мораль Iалашлур яцара. Дикачу агIор яьржина хир яцара вайн жимачу къоман цIе доккхачу дуьнен чу.

Цецваллал тамашийна дерг кхин ду: оццул «акха» долу и законаш а лелийна вайн дайша йоккхачу оьздангаллица (масала, карахь герз доцуш хилча я нехан стагаца хилча, мостагI цавер, кхидерш).

Духовни культурин лаккхарчу тIегIанаш тIехь бен хила амал доцург ду и. Цуьнга хьовса безаш бара (цуьнга хьовса безаш а бу!) хIинца дастаме бевлла лелашберш.

Мохьмад-Салахь Гадаев вина ГIуран-беттан 6-чу дийнахь, 1909-чу шарахь. 1928-чу шарахь иза Ростовехь рабфаке деша дIехIутту. 1930 шерашкахь иза Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан волало иза. Лермонтовн а, Толстойн а, Пушкинан а, Некрасовн а, Шевченкон а дийцарш нохчийн матта гочдо. Цу хенахь цуьнан ши киншка арайолу “Ши стаг”, “Буьйсанан дошло”, “Нус”, “Гуьржи”, “Акхалла”, “Хазман”, “Накъостий”, кхиерш а.

1942-чу шарахь иза антисоветан агитаци лелорна а, национал-троцкистийн тобанан декъашхо хиларна а бехке а вой, пхийтта шарана набахти чувуллу. 1957-чу шарахь иза набахти чуьра араволу. 1957-чу шарахь иза Iедало юха а лоцу, нохчийн къам сийсаздина, яздорхо вийна, аьлла, бехке а во. Амма тоьпаш тоха дина таIзар хуьйцу, цуьнан метта 25 шо набахти чохь даккха хан туху цунна.

1972-чу шарахь набахти чуьра ара а волий, Даймахка юхавогIу иза. Араваьлча, псевдонимах пайда а оьцуш, цо дийцарийн гуламаш язбо. 1972-чу шеран ГIуран-баттахь Мохьмад-Салахь кхелха.

XS
SM
MD
LG