ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнца цхьатерра политикан курс лелор ю НАТО-он декъашхоша


Полша -- НАТО-он саммит, 09 Товб. 2016.

Полша -- НАТО-он саммит, 09 Товб. 2016.

НАТО-н инарлин секретаро Столтенберг Йенс дIахьедар дина Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсана юкъайогIучу пачхьалкхийн лидерш реза хилла аьлла Оьрсийчоь хьокъехь цхьатерра политикан курс лелон. Цуьнан чулацам бу Оьрсийчоь сацор, оццу хенахь цуьнца дийцарш дIа а хьош.

Варшавехь НАТО-н саммит дIайоьдучу шолагIчу дийнахь зорбан конференцехь вистхуьлуш Столтенберга билгалдаьккхира, Альянсана юкъайогIучу 28 пачхьалкхан лидерш цу хаттарехь цхьа ойла йолуш хилар.

ПIераскан дийнахь саммитан декъашхой реза хилира дуьххьара НАТО-н эскарш дIатардан Полшехь а, Балтин хIордаца Iуьллучу Этонехь а, Латвехь а, Литвахь а. Цигахь дIатарйеш ю 4 батальон. Уьш кхуллуш дакъалоцур ду Британино а, Германино а, Канадо а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а.

НАТО-н куьйгалхочо Столтенберга дийцарехь, иза жоп хир ду Москохо Украинин малхбалехь сепаратисташна гIортор ярна а, Оьрсийчоьно ГIирма дIалацарна а.

XS
SM
MD
LG